Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2018

Туризман "кханено" кхобу кавказхой

0
 


Кхиина а яьлла, дикка пайда бохьуш лелла туризм хIаллакйира 30-35 шо хьалха. ТIаьххьарчу шерашкахь иза денъян гIерташ хьийза Къилбаседа ХIирийчоьнан а, федералан а Iедал. Хьаькамийн дикка  аьтто а баьлла цхьана декъанна шайн Iалашоне кхача. Делахь а, тахана олуш ма-хиллара, туризман хиндерг сирла ду бахарх, гучудаьлла дац цкъачунна цо дахарна делла ниIмат. Цундела туризмо кхана йохьур йолчу сане сатийса бен а ца дуьсу хIирашна. Ткъа кхочуррий-те и "кхане"?


Мехкан экономика кхиоран министралло далочу терахьаша бахарехь, Къилбаседа ХIирийчу богIучу туристийн терахь, шел хьалхарчу шарца дуьстича, 2017-чу шарахь дебна 10 процентна. Меттигерчу туризман фирманаша даьккхина 600 миллион сом, Iедална цара охьайиллина ял кхечира 39 миллион соьме – хьалхарчу шарца дуьстича, и терахь лакхадаьлла 22 %-на.


- ХIирийчу кхушара а баьхкина дукха туристаш. Оьрсийчуьра бара дукхашберш – Ростов, Ставропол-мохк, Воронеж, Липецк. 1-2 денна биллина лела кхуза, масала, Израилера туристаш. Китайхой а богIу. БогIу Европера а, къаьсттина Нидерландера а. Цхьаьнакхеттачу Штаташкара туризман операторш а хуьлу тхоьга кхузара хьелаш хоьттуш, - дийцира"Кавказ.Реалии" Къилбаседа ХIирийчоьнан туризман кхеташонан куьйгалхочун гIовсо Габуева Ольгас.


… ХIирийчу эзарнашкахь немцой, китайхой лелар бу, бехира стохка БуьритIерачу куьйгалхоша, хIиттийра цхьацца пачхьалкхашкарчу турфирманашца контракташ. Амма реляцешца баьхначуьнца ца догIу жамIаш – тIех беха а бац махка лелачу хьешийн могIа.


Бакъдерг - бакъ ду, туризмца доьзна керла Iалашонаш а кхиина мехкан. Германерчу аьчка некъашца туристаш дIасалелочу компаница юкъаралла лелор долуш контракт хIоттийна хIирийн Iедало. И санна контаркт хIотто дагахь ду Израилерчу туризман операторца а.


Дуьненахула туристаш дIасалелочу фирманаша даредо ХIирийчохь хаза лаьмнаш а, сирла шовданаш а, цIена хIо а хиларх. Амма яц олу цхьана а кепара инфраструктура. Махкара некъаш бу вон, хьешацIеношкара хьелаш ду беркъа, ур-атталла яц БуьрийтIехула ваьлла лелачунна эшча, чуэккха нишканаш а наггахь бен.


"ХIирийчоь чIогIа хаза ю. Амма атта дац Гуьйжийчуьра цига кхача. Вевзаш стаг вацахь, лела а хала ду оцу махкахула. Суна, масала, лехарх, ца карийра махкахула лело мехах туристе машен луш меттиг", элира "Кавказ.Реалиига"  кхушара ХIирийчохь хиллачу Серберчу вахархочо Милоша.


ХIирийн хьаькамаш а кхета, шайн махкахь туристашна оьшу хьелаш доцийла цкъачунна.


"Туристна кхерамзалла оьшу, лаьа шерачу некъашца дIасабаха, еза комфорт хьешан цIеношкахь, мехаш хила беза турист резаволуш, сервис хила еза ма-оьшшу", билгалдаьккхира деношкахь ХIирийчоьнан парламентехь спикеро Мачнев Алексейс.


2019-чу шарна алссам ахча ду хьажош ХIирийчуьрчу туризмна лерина. Меттигерчу а, федералан а бюджеташа луш ду иза. Оцу ахчано мелла а сервис, махкара инфраструктура меттаялор ю аьлла дегайовхо ю БуьритIехь туризмах жоп лучу хьукматийн.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net