Телефонехула лелочу хIилланех ларбалар хьехна шайн бахархошна Адыгейн полисхоша
Телефонехула нах Iехош зуламаш дийларх дIакхайкхийна меттигерчу бахархошка Адыгейрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло:
- кредитан организацийн клиентийн мобилан телефонаш тIе хаамаш кхоьхьуьйту хIокху телефонаш тIе зIе хьовзае олий, ткъа и лоьмарш организацин ца хуьлу;
- хаам бохьуьйту, я телефон туху оцу стеган гергарчунна сингаттам баьлла, и берзо я мобилан телефон тIе, я банкан карти тIе ахча даккха олий;
- телефонаш тIе эсмс-хаамаш кхоьхьуьйту, кхаж баьлла хьан, совгIат дIатаса ахча тIедаккха шайна олий.