50 процент бахархой ца теша зорбанех
Оцу юкъанна пачхьалкхан телеканалаша яржо информаци бакъ хета 63 процентна.
Интернетехь Iорабохучу хаамех теша 18 % респонденташ. Социалан машанашкахь бакъдерг дуьйцу аьлла хета 15 процент бахархошна.
Телеграм-каналех тешам лаьтта 4 процентан.
Дозанал а арахьарчу телеканалаша а, радиостанцеша а бакъдерг даржадо аьлла 3 проценто.
Iаткъаме хета журналистан професси 53 процент респонденташна, кхолгIачу декъо маьрша говзалла лору и.
Оьрсийчохь уггар а авторитете ву аьлла, билгалваьккхина журналист Соловьев Владимир.
Ишта цIе яьккхина Малахов Андрейн а, Познер Владимиран а.
Интернет-журналисташлахь Дудь Юрийн цIе яьккхина (YouTube-ра "вДудь" канал).
Дика йоза долчех ву "Новая газетан" журналист Быков Дмитрий а, 2006-чу шарахь йийна Политковская Анна а.
Ткъа хаттамехь дакъалаьцначу журналисташа билгалвьккхина Познер Владимир а (20 процент), Парфенов Леонид а (16 %).
