Закъалтана лаьцна совдегар дIахецийтина хилла Делимхановс
Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, Делимхановс гIо дина закъалтхо латтон меттиг карош а, иза дIахоьцуйтуш.
Лачкъийна латтош волчу совдегарх Яковлевх лаьцна цхьа а хаам бацара 100 дийнахь. Иза маьршаваьккхина хиларх лаьцна хаам кхечира хIара бутт болалуш.
Совдегаро дийцарехь, иза закъалтехь латтийна 3 стага. Зуламхоша тIедожийнера Яковлев дIахоьцург 200 миллион сом далар.
