Митингхошка низам ца талхоре кхайкхийна ГIалгIайчоьнан Iедалша
Кхаарин дийнахь чекхйолуш ю Iедалша дIаяхьа бакъо еллачу митинган хан. Республикан бахархойх цхьаберш, Iедалшца дага а ца бовлуш, дуьхьалонан акце арабевлла, Нохчийчоьнца бина барт юхабаккхар доьхуш. Митинг Iедалшца дагадевлла йолийна ца хиллехь а, юкъараллин къепе йохийна хиллехь а, акце арабевллачу наха некъаш доьхкуш меттигаш нисйеллехь а, Iедалша сатуьйхира, цу нахана дуьхьал ницкъ ца боккхуш.
Кхаарийн дийнахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Нохчийчоьнца доза къасторан комиссин декъашхошца кхеташо дIахьура ю Магасехь. Цига кхайкхина бу митингехь лаьтташ болчу нехан векалш. Цхьаболчу хаамашца - верриг а 8 стаг.
