Митингехь лаьттачу нехан векалш ца баьхкина Евкуровн кхеташоне
ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьочу Нохчийчоьнца доза билгалдаккхаран комиссин кхеташоне ца баьхкина Магасехь митингехь лаьттачу нехан векалш. Цунах лаьцна хаам бина ТАСС агенталло, республикан куьйгалхочуьнан хьехамчана Перехрист Артемна тIе а тевжаш.
Хьалхо цу тайпана кхеташо дIаяхьар хьокъехь барт бина шинарин дийнахь, Оьрсийчоьнан президентан векало Матовников Александра а, Оьрсийчоьнан президентан администрацин векло Ярин Андрейс а дакъа а лоцуш ,аьлла. Кхеташоне кхайкхина вара 8 стаг.