"Владимирскан централехь" 20 тутмакхо шайн пхенаш хедийна
Бакъонашлаъярхочо дийцарехь, регионехь "къизаллийн колони" аьлла, цIеяхначу набахтехь хан такхийта шаьш дехьадохий хиъначул тIаьхьа, дуьхьалонан протест йина хилла тутмакхаша. Лецначийн гергарчара чIагIдарца, лоьмар 3 йолчу колонехь хан токхурш хьийзабо, етта, бойу. Протестан акци хилла ца Iа иза, шаьш хIун дер ца хууш, бIарзделла хьийзар ду иза яздина Пантелеевс. Владимирскан кIошатрчу омбудсмене а дIахаийтина ша аьлла бакъонашларъярхочо.
"Владимирскан централ" набахтен хьаькамо бакъ дац аьлла, тутмакхаша пхенаш хедор.
