Кадыровга гечдар дехначу кIантана ден долчу таIзарх дийцина министро
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна ца тайнера вевзаш воцчу жимчу стага транспорт тIехь дуьхьал хиъна Iачу кIантана энергетик чохь хилла шиша тIе а ластош, "Ахмат- сила" ала аьлла, тIедожор. Яьккхина видео нохчочо ша яржийнера интернетан машанехь. ХIинцале а цуьнга хьаьжна 2 эзар сов стаг.
Оцу суьрто оьгIазвахийтинчу Кадыров Рамзана масех сахьт хан еллера видео тIехь волчу нохчочунна, шен гергарчу нахаца цхьана шена тIеван.
"Сайгара яьллачу сонталлина сайна гечдар доьху ас. Соьгара боккха бехк баьккхина мехкан куьйгалло а, сан дас-нанас а. Доьху массаьрга а сайна гечдар", - аьлла, видео Iораяьккхира жимчу стага.
