Москох харцахьа леллачу нохчочуьнга шена тIевола аьлла Кадыровс
Яьккхина видео нохчочо ша яржийна интернетан машанехь. ХIинцале а цуьнга хьаьжна 2 эзар сов стаг. Оцу суьрто оьгIазвахийтинчу Кадыров Рамзана масех сахьт хан елла видео тIехь волчу нохчочунна шен гергарчу нахаца шена тIеван.
Бакъболчу нохчаша шайн гIиллакхаш а, ламасташ а лардо, шаьш миччахь белахь а аьлла, бехк ца биллар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
