Шемара ГIажарийчоь ара ца ялахь Iамерко ша ахча лур дац аьлла
Хьалхо Iамеркан президентан хьехамчас Болтон Джона дIакхайкхийра, Шемахь "йиссина яьлла" Оьрсийчоь, хIинца шен ма хуьллу пачхьалкх юхаметтахIотто таронаш лоьхуш ю Малхбузехь аьлла.
Кху аьхка Путин Владимиран а, Трамп Доналдан а цхьанакхетар дирзинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан Инарла штабо Iамеркан тIеман буьйранчашка кехат дахьийтинера, Шема юхаметтахIотто ахча доьхуш. И дехар шийла тIеэцнера Iамерко. Оцу пачхьалкхехь ООН коьртехь а йолуш, политикан процесс дIа ца йолийча, хьалхо шаьш гIоьнна кхачор ду аьлла ахча дала а дуьхьало йинера цара.
"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошкара схьаяьхначу Шеман Къилбаседанара, Малхбалера а кIошташ юхаденъян лур ду аьллера Iамерко 200 миллион долларш.
