Кегийрхой гуьйранна эскаре бигар долийна Оьрсийчохь
Цхьаболчу хаамашца, Нохчийчохь арме ваха хан йолуш ву карарчу хенахь 80 сов эзар жима стаг. Амма церах массеран а аьтто хир бац иза дан. БIаьста Нохчийчуьра цхьацца ницкъаллин структурашка гIуллакх дан хьажийначу кегийрхойн терахь дара 500 стаг ерриг а республикера. Кху шарахь и терахь мел хир ду хууш дац цкъачунна.
Меттигерчу бахархошна хетарехь, армехула чекхваьллачу жимачу стеган алсам аьттонаш бу болх каро а, ницкъаллин структурийн декъашхо хила а. И бахьана долуш къаьсттина Оьрсийчоьнан эскаран могIаршка кхача луучу нехан терахь лакхара ду Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а.
