Дуьне бехдарца къийсам латторца доьзна низам тIеэцна Калифорнехь
Дехкар хьакхалуш дац карахь дIахьо кхача бухкучу ресторанех. Амма кхечу меттигашкахь телатан биргIачухула мутт мала луучуьнан дезар ду иза еха официанте. Низам дохорна гIуда тухур ду 300 доллар.
Экологаша далочу терахьашца, 2012-чу шарахь Дуьненерчу хIорда чохь IаьIнера 165 гергга миллион тонн нехаш.
2014-чу шарахь хIорда тIехула яра 268 940 тонн телатах йина нехаш. Ерриг а цу тайпачу нехийн терахь ду кху дуьнентIехь 5 триллион сов тонн.
