Киевехь лаьцна Нохчийчоьнан Украинехь хиллачу векалан кIант - СБУ
Украинин ницкъаллин структурийн белхахоша чIагIдарехь, цара Цицулаев лаьцна, цхьаъ айкхвалар бахьана долуш. Полице хаам бина хилла йцхьаммо телефонехула наркотикаш дIасакхоьхьуш хила мегачу машенах лаьцна.
И машен сацийна полисхоша. Цу чохь, Цицулаев воцург, кхин а ши жима стаг хилла, 24 а, 22 а шераш долу. Церах цхьаъ хиина Iачу метта кIеллахь карийна чохь кIайн хIур болу телатан тоьрмиг. И хIур экспертизе хьажийна.
