Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Нохчашна орца кхачор – шайн, нохчийн, гIайгIа бу

0
 


Вовшашна гIодархьама цхьаьнабеттало Европера вайнах


ГIалгIайчуьра схьаваьллачу 24 шо долчу Алтемиров Ахьмадна Оьрсийчу депорт ян сацамбина Боснин а, ХIерцеговинин а юстицин министралло бахначу беттан юьххьехь. ДецIахь цунна бехкедо Шема тIаме вахар. Оцу хаамо карзахъяьккхина Европера нохчийн диаспора.


Сараево жима стаг кхаьчна ша вехачу Истамулера. Туркойчоьнан миграцин низамо тIевеана стаг декхарево шарахь цкъа, цхьана денна ваьлла а, махкара аравала, юха чувеъча ло шарахь ваха бакъо. Пхи шо ду Ахьмад Истамулерчу компанехь программист волу. Сараевохь сахьташ а даьхна, юхаваха дагахь хилла иза лаьцна цигарчу полицино, Интерполо лоьхуш хилар бахьане а диллина.


Оьрсийчоьнан дехарца лаха кхайкхийна бу олий, лоьцучу вайнехан мухIажирех дуьххьарниг вац Алтемиров.


Хьал тIаьххьарчу шерашкахь чолхене дерзаро сагатдойту Европерчу 200 эзарнах лаьттачу диаспоре.


Юхьанца, цхьана шерашкахь, нохчийн диаспорин тIетовжийла дара шена баккъал а орцахйовлуш хуьлучу бакъоларъярхойн организацешна. Амма хенан йохалла хийцаделира дерриг а: нохчашна орца кхачор – шайн, нохчийн, гIайгIа хилла дисина хьал.


ГIортор хуьлуш лаьтта мухIажиршна хIинца шайн къомах болу говзанчаш – Европехь дешна а бевлла, балха хIитта боьлла юридисташ-адвокаташ.


ШолгIа гIортор ю протесташ. Масала, СтокхIолмехь Боснин а, ХIерцеговинин а векалтна хьалха мацалла лецира кху муьрехь, Алтемировна кхайкхийна депорт юхаэцар доьхуш, "Vayfond" юкъараллан куьйгалхочо Садулаев Мансура. Мацалла пхоьалгIачу дийне яьлча, дарбан цIийне виллира Садулаев. Цо гайтина Европерчу нохчашна бакъонаш къовсуш лела тарлучу протестан кеп.


Кхеташ ду, цхьацца мехкашкарчу нахе орца доьхуш айъечу протесташна юкъара урхалла оьшу, тIехьажархой. Садулаев Мансуран протест тергаме ийцира Европерчу вайнехан "Барт-Маршо" юкъаралло – Боснин а, Герцеговинин а Парижерчу векалтна хьалха Алтемировна гIо доьхуш акци дIаяьхьира цо. Францерчу Сараевон векало тIеийцира протестхой, дош делира вайнехан лаам шайн пачхьалкхан куьйгалле дIакхачо.


Оьрсийчоьно Интерполехула лоьхучу нехан могIара баьхна нохчий оцу хьукматан тептаршкара дIабайита гIертачийн юкъаралла а ю Европерчу нохчашлахь. Цунна гIо латтадо Британин, Литуван, Австрин, Полшин бакъоларъярхошца уьйрашкахь йолчу юридикан фирманаша.


Гуш ду ткъа шо а сов Европехь еха диаспора вайнехан бакъонаш ларъяр хьакъдоллучу кепе ерзо гIерташ хьийзар. Хьалха шен баланаш ша-шена а балхош, юьстахарчу нахера гIо хиларе а хьоьжуш, яьхна вайнехан диаспора хIинца кхета йоьлла, дуьненаюкъарчу организацешна тIе а тевжаш, ша-шена орца кхачо ца гIортахь, иза шена юьстахара кхочур доцийла.





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net