Чатаевца уьйрашкахь хиллачу шинна хенаш тоьхна Тбилисехь
Стохка гурахь спецопераци дIахьочу юкъанна вийра Тбилиссехь Чатаев Ахьмад, ткъа караваханера Оьрсийчуьра вахархо Дудаев СаIид. Стохка Iай къайлахчу сервисаша дIакхайкхийра, ПIаьнказахь Чатаевца уьйрашкахь лелла Гуьржийчоьнан кхин а пхи вахархо дIалацарх.
Горнакашвили Зураб а, Алдамов Руслан а, Маргошвили Тамаз а, Чапанашвили Бадур а дIалецира, ткъа чевнаш йина Мачаликашвили Темирлан дарбан цIийнехь кхелхира кху шеран Дечкен-беттан 10-чохь.
Набахтехь даккха 13 шо тоьхна Горнакашвили Зурабна, 8 шо делла Чапанашвили Бадурна.
