Дагестанехь Элджейн концерте билеташ дохкар сацийна
DagArtConcert-ан векало цкъачунна цхьацца проблемаш ю шайн, уьш йирзинчул тIаьхьа къамел дийр ду вай аьлла журналисташка.
Маршо Радионо яздира, кху беттан 9-чу дийнахь рэперан Крид Егоран ХIинжа-гIалахь хила еза концерт юкъахъяккхарх. Дагестанхоша шена кхерамаш тийсича, Крид реза ца хилира Дагестане ван.
Концерт ца хилла кхаъ хиллачу ийначу латарийн чемпионо Нурмагомедов Хьабиба социалан машанехь дIахаийтинера шен воккхавер. Цуьнан дIахьедар "сонталла" ю аьллера Тиматис.
