Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Полшано дIавелла Байдуев, даймахкахь дIалаьцна

0
 




Дукха хан йоццуш Полшан Iедало схьавелла Байдуев Азамат шаьш дIалацарх даредина Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.


Оцу урхалло чIагIдарехь, жимчу стага хIинцале а мукIарло дина, ша Шема вахарх а, цигахь даIишхойх дIакхетарх а, тIеман тасадаларшкахь шена чов ярх а.  


Бехктакхаман Кодексан  208-чу артиклца Байдуевна дуьхьал гIуллакх диллина, талламаш бу дIахьош, хаамбо махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-гIуллакххоша.




Маршо Радион "Настоящее время" проекте Полшан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло жопдаларца, Оьрсийчочьнан вахархо дIавоьхуш, векал йолчу урхаллера кехат кхаьчнера цаьрга. Муьлхачу урхало даийтинера кехат, ца хаийтина.


Полшан Iедалхоша бахарехь, Оьрсийчуьра кхаьчначу документан бух тIехь а, ишта шайн пачхьалкхана Байдуев кхераме ву аьлла хеташ а, сацамбинера цара иза дIавала.


Human Rights Analysis Center организацин куьйгалхочо, бакъонашларъярхочо Гисаев Ахьмада социалан машанехь бира хаам, байначу беттан 31-чу дийнахь Полшано Оьрсийчу Байдуев дIахаьажорах а, буьйсан юкъахь Шалажехь вехачу цуьнан девешин хIусамера иза нохчийн полисхоша лачкъийна, вигарх а.


Гисаевс чIагIдарца, ФСБ-н а, чоьхьарчу гIуллакхийн а бIе гергга герзашца болчу белхахоша цкъа девешин цIенна го а лаьцна, цул тIаьхьа чу а лилхина лаьцна вигинера Байдуев Азамат.


Юьхьанца Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалло аьттехьа а тIе ца дуьтура, шаьш иза лацар. "Хаамийн гIирсашкахь Байдуев Нохчийчохь лаьцна бохуш, цхьайолчу хьосташа яржийна инофрмаци бакъ яц" аьлла, дIахьедар дира цара.




Иттех шо сов хьалха Нохчийчуьра дIавахара Байдуев. Юьхьанца Полшано политикан тховкIело елира цунна, тIаьхьо Белги пачхьалкхе дехьавелира иза.  


Стохка Белгин полицино дIалецира иза, шайн "пачхьалкхан дозан тIехь теракташ кечдеш хилла цо" аьлла, бехкевина.


Биллина бехк тIечIагIбан тоьшаллаш а ца карийна, карарчу шарахь Полше депортаци йира Байдуевна, гергарчу иттех шарахь Шенгенан зонерчу пачхьалкхашка вар а доьхкуш.


Ткъа Полшано депортацин набахте воьллира иза цхьана ханна, байначу беттан тIаьххьарчу дийнахь Оьрсийчу доьдучу кеманна тIе а хаийра.


Бакъонашларъярхочо Гисаевс дийцарехь, "Iедалшкара цхьана а кепара дуьхьало а йоцуш" шен дай баьхначу юьрта кхаьчна хиллера Байдуев.


34 шо долчу жимчу стеган доьзал Полшехь биссина. 8 беран да ву иза.


Байдуевх Iоттаелла ситуаци, Европехь бехачу нохчийн мухIажиршна цхьа "сигнал" ю аьлла хета Гисаевна.


"МухIажирш кхузахь маьрша бац, шайн куьг тIекхоччахь хилар гойту тхуна оьрсийн Iедалша. Стешхалла хIун ю цахууш баьхна мухIажирш кхеро гIерта Кремл. Халахеташ делахь а, цунна  тIехIуьтту Европан пачхьалкхаш а. Кремлна цара гIо деш хилар билгалдолу, политикан оппозицица къийсам латторехь, церан низамехь дуьненаюкъарчу институтех пайдаэца бакъо хиларца", - аьлла Гисаев Ахьмада.


 


 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net