Финлянди: шен дахар кхерамна кIел хиларх хаам бина нохчийн оппозиционеро-блогеро Ломаевс
Тахана, ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь арадаьллачу Финляндерчу Uutiset ("Керланаш") газето яздо шайн пачхьалкхехь вехачу Ломаевн дахар кхерамна к Iел хиларх лаьцна. Цо Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а Iедал емалдо, цундела цуьнга претензеш ю Нохчийчоьнан куьйгалхойн, яздо газето.
Ломаевга Оьрсийчуьра кхаьчначу информацица, ах миллион кхайкхийна иза вейта, зулам дан гIертачарна хьаьа цуьнан Iусаман а, белхан а адресаш.
Бутт хьалха, Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь, Ломаев вен гIоьртина стаг лецира Финляндехь. Оцу хьокъехь нохчочо ша бира Маршо Радиога хаам. Финляндерчу низаман урхалло ха хIоттийна цунна тIе.
"Дерриг а дийца йиш яц, юкъара аьлча, тхо толлуш ду цунна кIелоярх долу гIуллакх, оцу белхан тобан куьйгалхо ву со. Тхуна хууш ду Австрехь а, Германехь а, Швецехь а, Францехь а нохчий байъина хилар а, оцу зуламнашна тIехьа лаьтта нах а билгалбевлла", - аьлла Финляндин полицин урхаллин векала Ихаксинен Микас меттигерчу Yle телеканалехула.
Ломаев Мусас канал леладо Ютубехь, критика йо Нохчийчуьрчу Iедална. Кавказ.Реалиина ша хьалхо еллачу интервьюхь цо дагалецира 2004 шарахь ша Соьлжа-ГIалахь Iедалхоша вадор а, террорна бехкевар а, шена тIехь гIело яр а. Цунна тIехь Iазап латторах лаьцна алссам довзийтира ша дийна йолуш журналиста Политковская Аннас.
Бутт хьалха Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело шен сацамца Оьрсийчоь бехкейина Ломаевна гIелоярна, тIедожийна 50,5 эзар евроца цунна компенсаци ян.