Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2020
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Новости за 30.10.2020

Тумсона тIелеттарг кхеле хIоттор, арбитрана йиттинарг Кадыровн гIоьнча хилар

Radiomarsho.com 

Абдурахманов Тумсона тIелатар дина аьлла, шеконашца лаьцначу шинна дуьхьал официалехь бехкаш дехкина Швецино; Соьлж-ГIаларчу футболан матчехь арбитрана йиттинарг "Ахмат" клубан хилла вице-президент Алханов Хайдар хилла; Ниццерчу килса чохь урс диттина зуламхо вовзийтина

Фейк: хьехархо вийначун тезетара яц и видео

Radiomarsho.com 

Францехь 47 шо долу историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийна Анзоров IабдуллахI Нохчийчохь дIавуллуш яьккхина ю аьлла, яржийна видео лела интернетехула. Теллича гуш ду иза фейк хилар.

Репрессеш – халкъ муьтIахь кхобу гIирс

Radiomarsho.com 

Бакъоларъяран "Мемориал" центро йиллина кхиош а, карлайоккхуш а лелайо Оьрсийчуьрчу политикан тутмакхийн база. 300 сов стаг ву чуязвина. Бакъоларъярхойн тептарахь таханенна ву политика бахьанехь Iедало таIзарна кIел кхобу 649 стаг. Муха хийцаелла кху тIаьххьарчу 30 шарахь пачхьалкхера репрессийн система, стенах кхоьру Iедал – оцу хьокъехь ду Idel.Реалиица "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо, Regina Gimalovaчо Давидис Сергейс ден къамел. — ХIора шарахь кхуьуш ю "Мемориало" политикан тутмакхийн терахь гойту база. Читать дальше...



Делан Элча вина де мовлад дешарца даздира Йоккхачу Новгородехь

Radiomarsho.com 

Мухьаммад-пайхамар вина де даздеш бу бусалбанаш дерриг а дуьнентIехь. Нохчийчохь дуккхаа адамаш цхьаьнакхеттера Шеларчу Пайхамаран цIарахчу рузбан-маьждигехь. Йоккхачу Новгородехь нохчаша а, кхечу бусалба къаьмнийн векалша а мовлад дийшира Делан Элча хестош, шайн коьртехь оцу гIалин а, Новгородан мехкан а имам Абубакар а волуш. Цунах лаьцна ю Маршо Радион корреспонденто яьккхина хIара видео.

Францин президент сийсазвина Нурмагомедов Хьабиба

Radiomarsho.com 

UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба бехкбиллина Францин президентана Макрон Эммануэльна, "цхьа миллиард ах миллиард сов бусулба нах аьшнашбарна дешан маршонан лозунгана бухахь". "Дала юьхьIаьржа хIоттавойла хьо тахана а, кхана догIур долчу къематадийнахь а! Дала кхел сиха йо, хьуна гур а ду", - яздина Нурмагомедовс инстаграмерчу шен агIона тIехь. Иштта боьхачу маттахь а йоза дитина латархочо францхойн куьйгалхочун цIарах. Йоьдучу урокехь дешан маршонех дуьйцуш, Шарли Эбдо сатирикан журнало... Читать дальше...

ГIалгIайчохь кхиазхочо полицин ши машен йохийна. Лазийна виъ некъан полисхо

Radiomarsho.com 

Маса хаьхкинчу машенахь вогIучо полисхойн Lada Granta а, Skoda Octavia а олу ши автомобил йохийна ГIалгIайчуьрчу Экажевохь. Лазийна полицин виъ белхахо аьлла, хаамбина Кавказ.Реалиига ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структурашкарчу хьостано. Дийцарехь, урхалла деш хилла 15 шо долу кхиазхо. Инцидент хилла еарин сарахь, некъан полисхой кхиазхо тIехь волу Porsche машен сацо хьийзачу хенахь. Инспекторша бохург ца деш, машен дIахьовзочу хенахь церан машенех кхетта кхиазхочо урхалла ден автомобил. Сурхахи... Читать дальше...

Украинан бIаьхо Окуева Амина йийна 3 шо кхечи

Radiomarsho.com 

Украинан бIаьхо, лор Окуева Амина йийна кхо шо кхечи тахана. 2017-чу шеран ГIадужу-беттан 30-чохь Киевна гергарчу Глевахехь цабевзачу наха герзаш диттира шен цIийндеца Осмаев Адамца цхьаьна иза чохь йолчу машенна. Коьртах кхеттачу герзо йийра Окуева. Евромайданан декъашхо яра Окуева Амина. Дебальцево маьрша йоккхуш дакъалаьцна ю иза. Иштта, Луганскан кIоштахь тIеман декхарш кхочушдина а ю. Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран (МВД) хьехамча лаьттинчу, "Народный фронт" фракцин халкъан депутато... Читать дальше...

Абдурахманов Тумсона тIелатар диначунна официалехь бехкаш дехкина Швецино

Radiomarsho.com 

Кху шеран Чиллан-баттахь нохчийн оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона тIелатар дина аьлла, шеконашца лаьцначу шинна дуьхьал официалехь бехкаш дехкина Швецин кхерамзаллан полицино. Лецнарш "кхечу Оьрсийчоьнан пачхьалкхерчу (Нохчийчоь) режимца боьзна хиларна Швецерчу къайлахчу сервисаша толлуш дара и гIуллакх. Арахьара иччархой шайн пачхьалкхехь жигараллица хьийзар санна зуьйш дара зулам, яздо "Кавказский узел" агенталло, иччархойн декъан куьйгалхочун Стенлинг Дэниэлна тIетевжина. Оьрсийчоьнан... Читать дальше...

Соьлж-ГIалахь футболан арбитрна йиттинарг Кадыровн хьехамча хилла

Radiomarsho.com 

"Ахматан" а, "Спартакан" а матчехь арбитрна йиттинарг Соьлж-ГIаларчу клубан экс-вице-президент Алханов Хайдар хилла аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан Контролан-дисциплинаран комитетан куьйгалхочо Григорьянц Артура. Таханалерачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочн Кадыров Рамзанан хьехамча ву иза. Яздо цунах лаьцна Sports.ru гIирсо. "Тхайн кхеташонехь оха лерина листина матчан доллу кехаташ. Алханов Сайд-Хьусайна (Алханов Хайдаран кIант) санитаран регламент йохош, майданахь хила йиш йоцу нах чубитинера. Читать дальше...

Къилбсаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла тIаххьарчу 24 сахьтехь 18 дархо. Цомгаш хилла 897 стаг

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбсаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 18 дархо, кхин а тIе цомгаш хилла 897 стаг. Оперативан штабан зерашца, Красгодаран кIоштахь велла COVID-19 вирусах ворхI стаг, Дагестанехь пхиъ, Ставрополан кIоштахь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ. Верриг а къилбаседа Кавказехь кхелхина  пандеми яьржичхьана ковидах 3 032 пациент. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу лараршца, къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставрополан кIоштахь – 195 стаг: Ставрополан махкхаь +195 (21 085... Читать дальше...

Ниццехь килсанна тIелеттарг вовзийтина полицино

Radiomarsho.com 

Ниццерчу килса чохь рс диттина кхо стаг вийна зуламхо вовзийтина полицино. Иза ву 21 шо долу тунисхо Аусауи БрахIим. Европе веана иза Италерчу Лампедуза гIайри тIера бутт хьалха, куьйга леладечу хинкеманца я бурамца, боху Iедало. Карарчу беттан юьххьехь Италера дIаваха тIедожийна хилла цунна, дехьаваьлла Франце. Талламчашкара хиина цунах йолу информаци AFP агенталлина. Аусауица ца карийна паспорт, амма хилла цуьнгахь Италехь ЦIечу ЖIаро делла кехат. Лампедуза – нелегалехь Европе богIу мухIажирш тIеоьцу центр ю. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Как Рыбакиной стать второй ракеткой мира: расклад от WTA


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Эстрада

Смешарики и «Академия Эстрада Тинс» выпустили трек «Попурри»



Москва

От медосмотра до спецодежды: Как устроена охрана труда на передовом ульяновском производстве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net