ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах велла Къилбаседа Кавказехь 25 дархо. Ун даьлла 760 стагана
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех велла 25 дархо, ун къаьстина кхин а 760 стагаца. Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина ворхI стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а велла виъ-виъ, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а, Къилбаседа ХIирийчохь а велла шишша, Нохчийчохь цхьаъ. Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-I9 вирусах 19 00 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Ставрополан махкахь бу ун даьлла нах алсам -171 стаг... Читать дальше...