Финлянди: шен дахар кхерамна кIел хиларх хаам бина нохчийн оппозиционеро-блогеро Ломаевс
Тахана, ГIадужу-беттан 10-чу дийнахь арадаьллачу Финляндерчу Uutiset ("Керланаш") газето яздо шайн пачхьалкхехь вехачу Ломаевн дахар кхерамна к Iел хиларх лаьцна. Цо Оьрсийчуьра а, Нохчийчуьра а Iедал емалдо, цундела цуьнга претензеш ю Нохчийчоьнан куьйгалхойн, яздо газето. Ломаевга Оьрсийчуьра кхаьчначу информацица, ах миллион кхайкхийна иза вейта, зулам дан гIертачарна хьаьа цуьнан Iусаман а, белхан а адресаш. Бутт хьалха, Гезгмашин-беттан 10-чу дийнахь, Ломаев вен гIоьртина стаг лецира Финляндехь. Читать дальше...