Навальныйна деллачу дIаьвшо дагадоуьйту муха вийна банкир Кивелиди
Оьрсийчохь деккъа цхьа дов бен ца хилла "Новичок" дIовш даларца доьзна айдина - иза дагалоцуьйту Навальный Алексейна дIовш даларо, яздо "Важные истории" ("БIаьрла хиламаш") цIе йолчу хааман гIирсо. 1995 шеран Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь цIеххьана тиларчуьра а ваьлла, дарбан хIусаме вигира шен Росбизнесбанкан кабинет чуьра Кивелиди Иван. ШолгIачу дийнахь оццу хьолехь дарбан цIийне йиллира цуьнан гIоьнча Исмаилова Зара а. Пхи де даьлча бекхтакхаман гIуллакх гIаттийра прокуратуро. ДIаьвшах велира банкир а, цуьнан белхахо а. Читать дальше...