ГIиргIизойчоьнан президент Жээнбеков Сооронбай дуьхьал вац кху кIирандийнахь бирзинчу парламентан харжамийн жамIаш низамера даха. Иштта дIахьедар даржийна пачхьалкхан куьйгалхочун пресс-векала. "Махкахь хIоьттина хьал тидаме а оьцуш, харжамийн жамIаш дуьззина таллар дехна президента Харжамийн Коьртачу Комиссига, оьшуш нислахь, уьш юхадаха дезар ду", — хаам бина пресс-секретара Стамалиева Толгонайс.
Оцу юкъанна, Бишкекерчу протестан декъашхоша шаьш кийча ду, боху, пачхьалкхехь халкъан Iедал а, керла премьер-министр а харжа. Читать дальше...