Кадыровна критика еш хуьлу шайн стаг хьекъалх тилла ву боху Нохчийчуьрчу гергарчара
Австрехь вехачу блогеран, YouTube каналехула Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика еш хуьлучу Магомагомадов Сайд-Хьусайнан гергарчара видеохабар хьажийна цуьнга, иза емалвеш. Видео гойла ду IADAT телеграм-каналехь. Видео чохь гуш ю МагомадовгIеран тоба, цара рагI вовшашка дIаса а луш, ирча къамел до шайн стаге, тIедожадо цунна Нохчийчуьрчу хьаькамашна "лер дита". "Тхо тахана гулделла тхешан гергара стаг, дIаяхана йолу боьха хIума, бахьанехь. Стаг хилча, цо лелор дацара ша лелориг... Читать дальше...