Сулейманов Юсуп. Дош
Сулейманов Юсуп Дош Шуьнан йист яййина, г1анта т1ехь вазлуш, Ч1ог1а дош ахь алар тамаша бац. Дош тоьлу, и делахь, даррехь, ша дазлуш, Оьшшучохь сацадеш харцонан дарц. Къеначун я беран дош чорде кагдеш, Ма билла ахь цхьанна ца бог1у бехк. Дош тоьлу, ахь алахь и, ткъесах тардеш, Боданехь цо баккхахь серлонга некъ. Собарца аьллачу цу дешан ч1аг1о Мокхаза бердал а нуьцкъала ю. Ткъа, бакъ дош бу стеган болатан аг1о. Дош шалха даьллачохь сий а леш ду.