Къилбаседа Кавказехь ковидах велла 21 дархо, ун даьлла кхин а 671 стагана
ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 21 дархо, вирус къаьстина кхин а 671 вахархочуьнца.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина исс дархо, Краснодаран кIоштахь пхиъ, Ставрополан махкахь виъ, ГIалмакхойчохь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми йолаелчхьана велла COVID-19 вирусах 1 674 пациент.
Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах тIаьххьарчу 24 сахьтехь Ставрополан махкахь- 149 стаг:
• Ставрополан махкахь +141 (16 375 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран кIоштахь + 101 (14 184)
• Дагестанехь + 85 (13 599)
• ГIалмакхойчохь + 75 (6 578)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 79 (7 194)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 53 (7 765)
• ГIалгIайчохь + 52 (5 779)
• Къилбаседа ХIирийчохь+ 35 (5 888)
• Адыгейхь + 35 (4 149)
• Нохчийчохь + 7 (2 441)
Къилбаседа Кавказехь верриг а COVID-19 вирус кхетта ву 83 952 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву тахана, ГIадужу-беттан 2-чохь, 1 194 643 коронавирусан ун даьлла стаг.