ЗаьIапхой уггаре дукха болу къам ду нохчий
Оццу хьостано гайтарехь, махкарчу кегийрхошлахь 12 % бу заьIапхой.
Оццул дукха нах айпе болчу Нохчийчохь лелачу транспортах ах процент а яц заьIапхошна чуховша, баха-баьхка аьтто беш.
Оьрсийчоьнан мехкашлахь хьалхаяьлла Нохчийчоь заьIапхойн терахь сиха дузарца а – стохка республикерчу хIора итт эзар вахархочух 83-нна делла лоьраша заьIапхочун тоьшалла.
Редакцино тидаме дуьллу, "Meduza" портало Нохчийчохь ши тIом лаьттина хилар шен талламехь хьахош а цахилар.
