ЦIе яьлла ХIинжа-ГIаларчу базарахь
КIиранан сарахь цIе яьлла ХIинжа-ГIаларчу "Тарнаир" базарх. Дагестанан орцан министралло бинчу хаамца, цIаро ягийна йохкархойн 20 контейнер.
300 квадрат-метр дIалаьцна хилла цIаро. Иза стенах яьлла къастош ду.
Кхача а, юьртбахамийн сурсаташ а юхкура бахархоша оцу базарахь.