Путинна говр ялош веана шемахо
Говрахь ГIалгIайчу кхаьчна Шемара яздархо Азам Iаднан. Пхи эзар киламетар йолу "Шема - машар" цIарца цо Димаьшкъара йолийна хилла тур йоьрзур ю Москвахь.
Нохчийчоьнца лаьттачу дозанехь иза тIеийцира меттигерчу бахархоша а, Сунжа кIоштан администрацин векалша, яздо REGNUM агенталло. Шемарчу хьешо дийцарехь, иза новкъаваларан коьрта Iалашо ю - терроризмца къийсам латторехь пачхьалкхийн цхьа барт хиларна юкъараллан тидам тIеозор а, Шемахь сингаттам иккхича цунна орцахдевллачу къаьмнашца гуманитаран а, доттагIаллин а уьйраш чIагIъяр а.
Ишта лаам бу цуьнан Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна Iарбойн Наязек Шам (Шеман Седа) говр совгIатна яла а.
Карладоккху, хьалхо Нохчийчохь а хилла ву Азам Iаднан.