Гуьржийчохь тоьлла лерина нохчийн даарш
Гуьржийчохь хилла цу махкахь дехачу къаьмнийн даарийн телевизионан къовсам. Кхузткъа декъашхочуьнца къовсалуш толам баьккхина ПIаьнгазарчу шина яхархочо Кавтарашвили Нанас а, Мачаликашвили Медикос а.
Кхача кечбарехь лаккхара говзалла йолчу жюрин декъашхоша вуно лакхара мах хадийна нохчийн даарийн. Царна юкъахь дара жижиг-галнаш а, тIо-берам а, хьовла а, кхин долу а, нохчийн ламасте даарш.
Толам баьккхинчарна совгIатана делла 100 эзар лари.