Трампана Путин жоьпаллехь хета Оьрсийчоь Iамеркерчу харжамашна юкъагIертарна
Ша жоьпаллехь хета шена Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь хуьлучунна, иштта, пачхьалкхан хьалханча санна, Путин а жоьпаллехь лара мегар ду, Оьрсийчоьно лелочунна, аьлла Трампа, CBS телеканалана еллачу интервьюхь.
Цул сов, цо бакъдина ша тешаш хилар Оьрсийчоь Iамеркерчу харжамашна юкъагIиртина аьлла, Цхьаьнатоьхначу Штатийн талламан сервисаша бинчу сацамах.
