Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июль
2018

Оьрсийчуьра ведда блоггер Ширманов

0
Садовская Алена



Чергазийн жигархоша кест-кеста валхош хиллачу блоггеро Ширманов ша  хIинца Iамеркахь ву боху


Кхо кIира хьалха йиттира Краснодарерчу нийсолехархочунна Ширманов Евгенийна. Цул тIаьхьа цIейиллира хIусамах. Шена зулам динарг Адыгейра полисхой бу, аьлла, даржийра цо. Оцу бахьанашца хIинца ведда Оьрсийчуьра.


Боьха хабарш ма дийца аларна йиттира


Адыгейн Тахтамукайн кIоштарчу Яблоновский (Кощхьабл) юьртахь вехачу блогерна Ширманов Евгенийн цIенна цIейиллинера бахначу беттан юккъехь бевзашбоцучара. Цо полице арздира, амма дацара жоп кхочуш. Кху беттан 2-чохь иза ша вахара юьртарчу полисхошна тIе, шена дина зулам таллар деха.


Ткъа меттигерчу полицин декъахь хилларг Ширмановс даьккхина YouTube-канале - йиттина цунна полисхоша.


Ширманов шина кIиранах Iийна шен цIенна цIелатийнарш полицина кароре хьоьжуш. ТIаьххьара а, иза ша полисхошна тIевахна, динарг хатта. Цигахь цунах летта Iедалан белхахой.


Шена еттар оццу полисхошка тоьшалле даккхийта гIиртина Ширманов. Амма рогIехь иза полицин декъе вахча хилларг а ду изза.


Полицина хьалха массех стаг хилла – полисхой. Ша тIекхаьчча, боьха маттахь къамел деш лаьтташ карийна цунна Iедалхой. Кхо дехна цаьрга боьха мотт цалебар, гIоьртина телефонца церан сурт даккха. Вуьйш тийсабелла, цуьнгара телефон дIаяккха гIерташ.


Ширмановс интернетехула яржийначу видеоно тоьшалла до цунах: ятIийна цуьнан когатудурш, куьйгаш, когаш ду цестаршкахь. Евгений ведда Яблоновскера, "юхагIур вац зуламхошна тIаIзар дича бен".


Краснодарехь сецначу блогерна иза вевзачу адвокато гIодина дегIа тIера дерташ тоьшалле даха. Цушимма рогIера арз яздина хиллачун хьокъехь, Крснодаран Талламан комитете чуделла иза. Иза талламчаша шаьш Адыгей дIахьажор ду аьлла.







"Хийрачу пачхьалкхе тховкIело ца ехча ца волу"


Товбеца-беттан 7-чу дийнахь Instagram каналехула видео яржийна Ширмановс, ша "хийрачу пачхьалкхе тховкIело ца ехча ца волу", аьлла. Шена цабевзачара еттар, цIенонна цIелатор, полисхой шех латар далхадо цо.


"Сан махкахь, аьлча а, цуьнан цхьадолчу дакъошкахь, низамхойн гонаш жоьлгех дIатарбелла, лелочунна я нийсонах, я низамах хьожа-мода а ца кхочу. Нью-Йоркехь хIусам йоцуш вехарг герга ву суна Яблоновскерчу полисхойл а", - боху Ширмановс оцу видео чохь.


РогIерчу дийнахь, 8-чохь, Iамеркарчу кирлелорхочун машенахь воьдуш яьккхина видео яржийна Ширмановс. Машенан да ву оьрсийн эмигрант, Евгенийн интернет-доттагI. "Со Оьрсийчуьра дIавахна сайна полисхоша йиттинчул тIаьхьа", - боху цо.


Штаташка къайлах кхаьчна Ширманов, бакъо яц цигахь саца а. Шена йиттинчарна, хIусамах цIейиллинчарна таIзар дахь, цIавоьрзур ву ша, амма цкъачунна кхерам бу шена даймахкахь, дуьйцу Кавказерчу блогеро.


"Ас ца дуьйцуш дуьту дукха хIуманаш. Кхераме ду суна Краснодарехь иштта кхераме ду Саратов ваха а (схьавалар ду цуьнан цигара - "Кавказ.Реалии"). Сан Iовдалла яра Адыгейхь лаьттан дакъа эцар, - леткъа Ширманов шен дахарна.


Оцу юкъанна дагадоуьйту цо хьалхо хилларг – Талламан комитете кхайкхина хилла иза махкара валлале. "Суна оьгIазъяхначу цхьана тобано арз дахьийтина, дехна суна дуьхьал бехктакхам айбар", боху цо шен тIаьххьарчу видеохь.


Гарехь, ши бутт хьалха Талламан комитете шена тIелеткъина Адыгейрчу  "Адыгэ Хасэ" юкъарлонан векал Богус Адам ву Ширмановс вуьйцург. Богуса, шовинизм ю блогеро интернетехула яржош, аьлла, кехат яздира хIетахь Iедале.


 


"Шена лиъ-лиинчо аьрзнаш чуло, шен лиъ-лиинарг кхеле волу! Цундела уггаре нийсаниг ду суна сайн кхерамзаллин дуьхьа Оьрсийчуьра вадар, - боху Ширмановс.


Карарчу муьрехь дерриг а, Ширмановца доьзнарг, толлуш ду, хаамбира "Кавказ.Реалиига" Адыгейн чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIоьнчалло. Амма аьтто ца белира Краснодар-мехкан Талламан комитетера комментари яккха.


 





Загрузка...


Губернаторы России

Спорт в России и мире

Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса

Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире




Путин в России и мире

Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.






Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...





Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net