Эксперташ: Оьрсийчуьра 31 процент кегийрхой кхечу пачхьалкхашкахь баха лууш бу
Массо а бахархошлахь бинчу хаттамехь 10 проценто дIахьедина, шайна Оьрсийчуьра дIабаха лаар. Бахархоша къасточу пачхьалкхашлахь ю Германи. Цигахь дIатарвала хьаьгна ву 16 процент. Цунна тIаьхьа хаьржина Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а, Испани а, Канада а, Итали а.
Дукха хан йоццуш "Левада-центро" бинчу талламашца, хIора Оьрсийчуьра пхоьалгIа вахархо ву мохк дIатаса лууш. Иштта хаттамо къастийна, махкара араволу паспорт долуш царлахь доьалгIа дакъа бен цахилар а, бахархойн кхоалгIа дакъа бен дозанал арахьа хилла цахилар а.
Эксперташа билгалдаккхарехь, пачхьалкхера доккхачу декъанна арабовла лаамберш кегийрхой а, таро йолу респонденташ а бу.
