Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

"Тхан махкахь дукха меттигашна техкина зуламхойн цIераш"

0

Романова Софья

Кху баттахь Соьлж-ГIалахь схьайиллина хIусамийн ши куп. Уьш вовшах а тоьхна, кхоьллинчу юьртанна цIе тиллина "Орцин Мохк". Оьрсашкахьа тIемаш бина нохчо, инарла-майор Чермоев Орца вазвеш аьлла ишта.

Оьрсийн-туркойн а, Кавказан а тIемийн дакъашхо ву Чермоев. Оьрсийчоьнан империгахьа а лаьтташ, Нохчийчуьра 1877-чу шеран гIаттам хьошуш хьийзина иза.

"Грозный" телекомпанин цхьана сюжето бахарехь, Соьлж-ГIалин дума ю керлачу меттигна оьрсийн инарлин цIе елларг. Амма кхечу сюжетехь хуьйцу телеканало ша хьалха бина хаам, боху, Соьлж-ГIаларчу 35-чу а, 56-чу а каппашкарчу бахархоша дехна и цIе тиллар.

"Ткъа мила ву иза?"

"Кавказ.Реалиино" деллачу хаттарна жоп луш, Нохчийчуьрчу бахархойх доккхачу декъо хоуьйту шайна Чермоев Орца вуьйцуш хезна а воцийла.

"Суна-м дера ца хаьа иза мила ву. Делахь а, цуьнан цIе тиллинехь, Iедална цхьа гIуллакх динарг хир ву-кх иза", - боху 24 шо долчу Зайндис.

"Цкъа а ца хезна суна иза вуьйцуш. …Инарла иза велахь, кхета, дика тIом беш хилла хир ву-кх", - аьлла хета Соьлж-ГIаларчу Iисана.

Ханна мелла а баккхий болучарна хаьа Чермоев Орца мила ву, ца лечкъадо цара шайна хетарг.

"Чермоев – иза къам доьхкинарг ву, нохчий хIаллакбеш хьийзина иза. Оьрсашна Нохчийчоь йоккхуш, паччахьан лай хилла лелла. … Тхан махкхь дукха меттигашна техкина зуламхойн цIераш. ХIинца хIара керла цIе а ю-кх мостагIийн могIарш бузуш", - дуьйцу къаночо Iабдул-ВахIида.

Кавказан къаьмнийн ассамблеян президентна Кутаев Русланна хетарехь, Чермоев шаьш хьахош, цабезам хьалха ца боккху нохчаша.

"Бакъду, хилла уьш паччахьан Iедалца, иштта дIа кхин а. Хеза нахера и ойла. Делахь а, цхьа шатайпа йовхо а хаало Чермоев хьахош (ЧермоевгIар – Орцин воI Тапа а тIехь – ред). Тхайн доьзалехь ишта ду ца боху ас, амма нохчашлахь ишта йоккху оцу Орцин цIе", - билгалдоккху Кутаевс.

"Нохчаша шайн урамашна, майданашна, ярташна тахка мегаш вуно дукха цIераш ю Кавказехь", - боху Кутаевс.

Махкара Iедал, шена Кремло ма-моггуьйту, шен ма-хуьллу, "нохчийн хьесапе" ерзо гIерта урамийн, яртийн цIераш. Къам доьхкиначийн цIераш царна елла а", - боху Кавказан къаьмнийн ассамблеян куьйгалхочо.

ТIедожийнарг ду иза, я шайн жигаралла ю?

Соьлж-ГIалина юкъайогIучу меттигашна а санна, гIаларчу дукха урамашна, майданашна техкина Оьрсийчоьнан-Нохчийчоьнан шина тIамехь махканна дуьхьал тIемаш бинчу нехан цIераш. 2008-чу шарахь центрерчу "Краснознаменная" урамна тиллира инарла-полковникан Трошев Геннадийн цIе. Нохчийчохь дуккха а тIеман операцеш дIакхехьна вара иза. 2001-чу шарахь кхелехь Буданов Юригахьа тоьшаллаш дира Трошевс.

"Regnum" агенталлина интервью луш, Кадыров Рамзана элира: " Буданов шизофреник, чIирхо …нохчийн къоман мостагI ву. Цо эхь доссийна тхан къоманна тIе. Буданов дийна мел ву, юьхьIаьржо шайна тIехь ю аьлла хета хIора стагна, зудчунна, беранна". Амма оцу хьоло новкъарло ца йина Будановгахьа хиллачу стеган цIе урамна тилла.

Кутаевна хетарехь, массийтта маьIна ду Соьлж-ГIалахь урамна Трошевн цIе тиллар. "Лакхара охьа омра даийтина хила тарло, я меттигерчу Iедлахоша, шаьш Путинна мел муьтIахь ду гойтуш, тиллина хила а мега", - боху цо.

2014-чу шарахь Соьлж-ГIалахь хийцира Дагестанан ураман цIе – керланиг ю  "Адмиралан Угрюмов Германан урам". Нохчийчохь тIеман операцеш а латтош, дуккха а къоман цIий Iенийнарг ву иза. Урамерчу цIеношна тIе "сийлаллин у" уллуш, Кадыров Рамзана элира, нохчийн къомаца "шен са дара" Угрюмовн.

Кутаев Руслана кхеторехь, нохчийн хIаллакбеш хьийзинчу герзахойн цIераш урамашна техкарца нохчий оцу хьолах болийта гIерта Iедал.

"Iадат наха шайн леларца кхуллуш ду, иза чIагI а лой, дуьсу халкъалахь – иза хаа а хууш лела Iадатийн конструкторш. Оцу урамийн цIарех нах булу хенан йохалла. Йоккха программа ю шен болх беш. Урамийн, майданийн цIераш хийцар – иза Нохчийчоьнна гIоьмаш тухучу белхан инструментех цхьаъ ю", - боху Кутаев Руслана.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин сообщил о начале работы сезонных ярмарок выходного дня


Спорт в России и мире
Москва

Команда подмосковного главка Росгвардии заняла призовое место на чемпионате Центрального округа по стрельбе из боевого ручного стрелкового оружия


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Камбэком обернулся матч вундеркинда из России перед стартом Еленой Рыбакиной в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время в пути от Москвы до курортов Черного моря


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Минск не исключает попыток оппозиции оторвать часть территории Белоруссии в пользу НАТО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

Певица Анастасия Стоцкая появилась на публике в откровенном наряде



Москва

Дмитрий Новиков на Первом канале о новой фазе войны Запада против России и неготовности Европы выйти из-под влияния США

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net