Массийтта бIе даIишхо ведда «Iайн-Iисса» лагерера – курдойн хаам
Шемин Туркойчоьнца долчу дозанехь, «Iайн-Iисса» лагерера, «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца зIенехь хиларна чувоьллина хилла массийтта бIе стаг ведда, хаам баржийна Курдойн автономин администрацино.
Шемин малхбалехь ша террорхой лоручу курдошца тIемаш бечу юкъанна Туркойчоьно тохарш дина «Iайн-Iисса» лагерна гергахь. Оцу хьоло бовда аьтто баьккхина тутмакхийн, чIагIдо курдоша.
Юьйцучу набахтехь ву 12 эзар гергга лаьцна стаг, шайлахь кхечу мехкашкара баьхкина зударий а, церан бераш а долуш.
Асадан Iедало къобал ца йо Шемин малхбалера курдийн автономин администраци. Шемин пачхьалкхан телевизионо бахарехь, «Iайн-Iисса» лагер ларъеш лаьттина мехкан демократин ницкъаш дIабахана тIом болабеллачу меттигера.
Цхьацца хаамаша чIагIдарехь, туркоша операци йолийначу кху деношкахь велла лаххара а 80 меттигера вахархо. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин терахьашца, 130 000 гергга маьрша вахархо, хIусам дIа а тесна, мухIажир ваьлла.
Туркойн операци емалйо Вашингтоно а, Европан Берто а.