Маж а, хьиджаб а лелочарна тIом кхайкхийна Узбекистанехь
Йоьдучу кхеташонехь шен куьйгакIеларчу хьаькамашка маж а, хьиджаб а лелочарна дуьхаьл кампани йолор тIедуьллуш, Ферганан кIоштарчу хьаькамо Ганиев Шухратан къамелан аудио кхачна узбекийн «Озодлик» сервисе. Редакцига аудио кхачийначара чIагIдо, дукха хан йоццуш дIаяьхьначу кхеташонехь дина къамел ду и бохуш.