Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 22.04.2020

Полисхойн бакъонаш совъяха доллу Iедал

Radiomarsho.com 

Полицех долу низам шорден, цуьнан белхахойн бакъонаш лакхайоху проект кечйина Оьрсийчоьнан министрийн кабинето. Полисхошна шайгарчу герзах пайдаэцар, гIишлошна гобар, машенаш еллар, гуламаш боьлху меттигаш гонелацар аттачу доккху Iедало кечдинчу документо. Оцу хьокъехь кечйина проект а йовзуьйтуш, хийцамех лаьцна хаам баржийна "Интерфакс" агенталло. Цо бахарехь, цкъачунна Пачхьалкхан Думе хьажонза ду документ. Проекто герз тоха бакъо ло полисхочунна ша лоцуш волу стаг шена тIекхета воллу аьлла хеттачу муьрехь. Читать дальше...

Дийнахь-буса 252 стагехь гучуяьлла коронавирус Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхетта билгалваьлла 252 вахархо. Коронавирусна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, уггаре дукха бу ун лаьцначаралахь дагестанхой. Охан-беттан 22-чу денна цомгуш хиллачех лаьцна Штабо яржийначу информацера ду хIара терахьаш: Дагестан - 46 ГIалгIайчоь - 43 Кхарачой-Чергазийчоь - 39 Къилбаседа ХIирийчоь - 34 ГIебарта-Балкхаройчоь - 23 Ставропол-мохк - 11 Краснодар-мохк - 20 Нохчийчоь - 20 Адыгей - 5 Верриг а уьно лаьцнарг ву Къилбаседа Кавказехь 2557 стаг.



Кхелхина Талхигов Зоврбек. Дубровкерчу терактца доьзна вевзара иза

Radiomarsho.com 

Охан-беттан 21-чу дийнахь гоьбевллачу бакъоларъярхоша, юкъархоша Ганнушкина Светланас а, Шендерович Виктора а, Санникова Еленас а, Трепашкин Михаила а шайн фейсбукан агIонашкахь хаийтина Нохчийчуьра схьаваьлла волу, Дубровкера театран центр нохчаша дIалацарца доьзна ша цхьаъ бен бехкевина а воцу Талхигов Зоврбек кхалхарх лаьцна. Жигархоша яздарехь, 2002-чу шарахь Пачхьалкхан Думин депутатан Аслаханов Асламбекан дехарца Талхигов вахана лаьцна кхобу театр йолчу. Москвахь а, гонаха а бехачу нохчашка... Читать дальше...

ХьаьжцIа баханарш юхабалош кема деана ХIинжа-ГIала

Radiomarsho.com 

Дагестанера а, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а 230 вахархо ву, СаIуда Iаьрбийчохь Iумрат а дина, ХIинжа-ГIала кеманца юхабаьхкиначаралахь. Коронавирус яьржина хиларна, цIа ца бахкалуш, хьебелла Iийна уьш Малхбалехь. Кеманна дуьхьал бахара халкъан хьаштийн «Роспотребнадзор» урхаллин векалш. "Пассажирашна масканаш а йоькъур ю, уьш тергоне а оьцур бу. Тепловизорх чекхбевр бу массо а», - бохура "Кавказ.Реалиига" Роспотребнадзоран белхахочо. Тепловизорх чекхбаьхначул тIаьхьа, и нах хьовсор бу зен а... Читать дальше...

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 9 стаг велла коронавирусах

Radiomarsho.com 

Тахана, Охан-беттан 22-чу дийнахь, Оьрсийчоьнан коронавирусна духьалоечу штабо бечу хаамца, тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 стаг: ГIалгIайчохь а, Краснодар-махкахь а – кхоккха, Нохчийчохь, Ставропол-махкахь, Адыгейхь – цхьацца. Коронавирус яьржичхьана схьа оцу уьнах Къилбаседа Кавказехь делла 49 адам. Уггаре дукха ду оцу цамгарх баларш ГIалгIайчохь – 12 стаг. Охан-беттан 21-чу денна COVID-19 ун кхетта дуьнентIехь 2 566 000 гергга наханна, велла 177 789, товелла 7 бIе эзар гергга стаг. Читать дальше...

Коронавирус бакъ цайинчу БуьритIерачу гуламхойх 13 лаьцна Iедало

Radiomarsho.com 

Кхело лаца кхачийна БуьритIерачу Маршонан майданахь оршоьтадийнахь хIоьттинчу гуламан 13 декъашхо. 3-15 де-буьйса хенаш тоьхна царна лецна яха.   Административан кодексан 19.3 а (полисхочун я Къоман гвардин белхахочун буьйр кхочуш цадар, я царна болх бан новкъарло яр), 20.2.2 а ( юкъара низам а дохош, цхьана метте алссам бахархой гулбар) артиклийн буха тIехь диллина протестхошна дуьхьал гIуллакх. Кхаарийдийнахь луьстур ду санкци а йоцуш дIабаьхьначу гуламан кхечу декъашхошна дуьхьал айдина девнаш. Читать дальше...

«ЦIена корта. Юхаяла коронавирус!» флешмоб шорлуш ю Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша кIунзал а волуш, «ЦIена корта. Юхаяла коронавирус!» болам болийна шен гонашкахь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цуьнгара масал а оьцуш, кортош бошуш бу махкара хьаькамаш, Iедалхой. Оршотан дийнахь коронавирусна дуьхьалоечу оперативан штабан кхеташонехь цхьана вахархочо хаьттира Кадыровга, хIун дара-те махкахь парикмахерскеш схьайиллича, аьлла. Дика хир дара массара а кортош даьшча, жоп делира республикин куьйгалхочо. Шинарин дийнахь Инстаграмерчу шен агIонтIехь гучувелира Кадыров... Читать дальше...

Туькана баханарш, балхара богIурш, гаражан чуьра хи чу йоьхкинчу хӀуманийн банка схьэца боьлхурш. Муха лоьцу Москвахь изоляцин раж йохораш

Radiomarsho.com 

КIира а дац, яздо "Настоящее Время" телеканало,  Москвахь леррина раж кхайкхийна, ткъа шахьаран бахархошна хIинцале а 100 миллион гергга сом ($1,3 млн) барамехь гIуданаш диттина. Ишта полисхоша дIалеца болийна изоляцин низамаш талхораш. Цхьаболчу лецначара дийцарехь, цхьа а бахьана а доцуш, сецош бу уьш. Шен цIенна гена йоццуш сацийнера, масала, Шубина Наталья. Цуьнан кIанта бахарехь, дIасаяха бакъо йолу электронан кепехь даьккхина кехат хиллера цуьнгахь, полисхочунна иза гайтина а хиллера цо. Читать дальше...

Пандемино балхах бохур бу нах

Radiomarsho.com 

Коронавирусан ун даржарх Къилбаседа Кавказехь уггар хьалха эшам хилларш бу нехан хьашташ кхочушдаран сферехь къахьоьгу бизнесхой. Масала, Нохчийчохь а, Дагестанехь а гIуллакх дохарна дIачIагIа езачу хьолехь ю дуккха кафеш а, ресторанаш а, базарш а, махбаран меттигаш а.

Спорт в России и мире
Москва

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Zoomlion продемонстрировала последние достижения на выставке INTERMAT





Путин в России и мире
Москва

Поездам прибавляют ходу // Как может сократиться время пути от Москвы до курортов на Черном море


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Александр Барыкин

«Летели с девятого этажа»: Александр Барыкин чуть не погиб при падении лифта



Москва

Арендуй с выгодой!

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net