Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 10.04.2020

Ша эфирехь боьха дешнаш аларна нахе къинтIерабовлар дехна Кадыров Рамзана

Radiomarsho.com 

Коронавирусна дуьхьалоен мехкан кхеташо йоьдучу юкъанна ГIалгIайчоьнца къастийначу дозан хьокъехь критика ечарна дуьхьал ша боьха къамел дарна нахе шена къинтIерабовлар дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, хаамбо ТАСС агенталло. Нохчийчоьнний, шайн махканий юкъара доза билгалдоккхуш бинчу сацамна резавоцчу ГIалгIайчуьрчу массех стага социалан машанашкахула аьшнашка даьккхира Кадыровс деношкахь Магасе совгIатна медицинан гIирс бахьийтар. Оцу хиламца доьзна вистхуьлуш, маьттаза дешнаш элира Кадыровс эфирехь. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (10.04.2020)

Radiomarsho.com 

Бац керла дархой Нохчийчохь, коронавирус: Къилбаседа Кавказ, Кхо зуда елла Дагестанехь, Виъ стаг вер толлуш лаьцна Куштов (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Коронавирус кхетта хиларх шеко йолу кхо стаг велла Дагестанехь тIаьххьарчу сахьташкахь

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIаларчу инфекцин цамгаршна дарба дечу республикан центрехь велла коронавирус лаьцна хиларх шеко йолу кхо пациент, хаамбо республикерчу Оперативан штабо. Буса кхелхина 81 шо кхаьчна йоккха стаг. Iуьйранна дIаяьлла кхин а ши пациент – 62 а, 56 а шераш долу зударий, халачу хьоле кхаьчча балийна хилла уьш лоьрашна тIе.  Кхуьй а дархо зуьйш, меттигерчу инфекционисташа билгалдаьккхина хилла царех ун хьакхадалар, амма белла уьш Москва хьовсийначу тесташна дуьхьал жоп а кхачале.



Нохчийчоьнна гонахарчу мехкашкара уьнца долу хьал

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу массо а мехкашкахь, цхьа Нохчийчоь йоцург, дебна коронавирус шайца карийна нах. Краснодарехь керла дархо ву 20, Ставропол-махкахь – 10, Адыгейхь – 7, Къилбаседа Хирийчохь – 5, ГIалгIайчохь – 4, ГIебарта-Балкхаройчохь – 4, Кхарачой-Чергазийчохь – 3, Дагестанехь – 1. ГIалгIайчохь цомгушверг 29 ву таханенна. Реанимацехь, халчу хьолехь ву царех 67 шо кхаьчна пациент. Товелла вац цкъачунна цхьа а. ХIирашлахь цхьа стаг товелла коронавирусах. Оцу хьокъехь... Читать дальше...

Коронавирус: Нохчийчохь керла дархой бац

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан могашаллин министра Сулейманов Элхана селхана сарахь бинчу хаамца, оцу дийнахь махкахь коронавирус кхетта хаавелла вац цхьа а вахархо. Ун даржа доладелчхьана схьа цомгуш хилла  22 стаг, 15 царех товелла. 7 вахархо ву дарбан хIусамехь. Царех цхьаъ, 83 шо долу къано вара халчу хьолехь, хIинца цуьнгара хьал аттачу долуш ду, ша догдоху, боху Сулеймановс, иза а товаларе. Министра бахарехь, коронавирусца доьзна могашалла толлуш, лоьраша тергоне эцна ву Нохчийчохь 662 стаг.

27 шо хьалха нах байина стаг лаьцна Къилбаседа ХIирийчоьнан полицино

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан вахархо Куштов Башир лаьцна полицино. Цо бахарехь, 1993-чу шарахь Пригородан кIоштарчу цхьана юьртахь Куштовс а, цуьнан шина накъоста а герзаш диттина вийна меттигера 4 вахархо. Нах байинчул тIаьхьа иза лечкъаш ваьхна Оьрсийчоьнан массех регионехь, боху Iедало. 60 шо долчу Куштовс тIаьххьарчу заманахь хан хьош хилла лаьмнашкахь, цигахь кхиийна шена даа а, мала а. Мобилан телефонах я интернетах пайда оьцуш а ца хилла цо. 27 шо хьалха Куштовс а, цуьнца хиллачара а виъ стаг верал совнах... Читать дальше...

3D-анимаци: Муха го коронавирус кхетта пехаш

Radiomarsho.com 

МРТ-сканашца, ун хьакхаделла пехаш муха хуьлу гойту 3D-анимаци кечйина Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Iилманчаша. Гайтам хIоттийна, хьалха цIий чехкадийлар доцург, кхин цамгар лайна а воцчу, COVID-19 лаьцначу пациентан пехаш тIехь.

Керла курорт йийр ю Къилбаседа ХIирийчохь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Алагирна гергахь туризман комплекс "Мамисон" йилла кечйина проект къобалйина Оьрсийчоьнан пачхьалкхан экспертизин урхалло. Курортан дуьххьара объект хир ю аьчкачу машшийн ши некъ, шайн йохалла 3380 а, 1745 а метр а йолуш. И тайпа боца кхо некъ болуш йийр ю лайн парк а (сноупарк). Цуьнан Iалашо хир ю садаIархошна гIо-салазаш хехка Iамор. Мамисон-чIож тIекхача уггаре халачех ду Къилбаседа ХIирийчохь. БуьрийтIера дIа 100 чаккхарма ю цига кхача, Iуьллу Кавказан лаьмнийн баххьашна юккъахь. Читать дальше...

"Сан белхан алапех 95% дайна: 160 эзар оьцура ас тоххара, хIинца - 9 эзар". Коронавирусо динчу зенех дуьйцу оьрсийн бахархоша

Radiomarsho.com 

Материал кечйина "Настоящее Время" телеканалан авторо Александров Алексейс Доларчу компанийн куьйгалхошна а, фрилансершна а даккхий зенаш дина, коронавирусан эпидеми бахьана долуш Оьрсийчохь карантинехь баьккхинчу баттахь. Царех дукхахберш белхан алапа доцуш бисина: цхьаберш дийнна беттан алапех, вуьйжуш цхьана декъах. Къаьсттина дала тохар хилла ресторанийн а, кафейн а белхахошна а, хазаллин салонашкахь болх бечарана а, гидашна а. Карарчу заманчохь, шаьш хIинццалц гулдинчу ахчанца хене буьйлу уьш, сатуьйсуш бу карантин юхаяккхаре. Читать дальше...

Министрийн керла кабинет тIечIагIйина ГIалгIайчоьнан куьйгахочо

Radiomarsho.com 

Калиматов Махьмуд-Iелас, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо, министрийн керла кабинет тIеоьцуш, омранаш арахецна, хаамбо РБК агенталло. Даржашкахь тIечIагIбина кабинетан куьйгалхочун хьалхара гIовс Илезов Микаил а, вице-премьераш Амриева Марем а, Фаттахов Тимур а. Даржашкахь битина синбахамаллин министр Дзейтов Темерлан а, дешаран министр Бокова Эсет а, могашаллин министр Льянова Зарема а, спортан министр Дошхоклоев Iела а, юьртбахаман, кхачан министр Гагиев Мохьмад а, лаьттан, бахаман министр Гадаборшев Мохьмад а... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова завершила выступление на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура Москвы: тело мужчины нашли в лесопарке в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Путин поздравил Леонида Рошаля с днем рождения


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Баста

"Новосибирск, бро, за всё прости": концерт Басты на "Сибирь-Арене" собрал аншлаг



Москва

В Башкирии смертельная авария забрала жизни четырех человек, в том числе двух детей

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net