123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 03.04.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (03.04.2020)

Radiomarsho.com 

Буьйсанна дIасалелар дихкина, Даудовс варе бина бахархой, 36 стаг ву Нохчийчохь вирус кхетта, Коронавирус гучуяьлла ГIалгIайчохь (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

"Шуна – жоьпалла, тхуна – ахча". Путинан керла вертикаль

Radiomarsho.com 

Соловьёва Елена                                                                                                 Вольтская Татьяна,                                                                                                          Маршо Радио, оьрсийн сервис   Оьрсийчоьнан регионашкахь кеп-кепара ду коронавирус яржарца долу хьал, аьлла еарийдийнахь ша пандемин хьокъехь халкъе вистхуьулуш президента Путин Владимира. ХIинца регионан куьйгалхой шайн лаамехь бу уьнна дуьхьалоеш балхах мукъабаьккхинчу кху баттахь къахьега. Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчоь: хIусаман метр – дешин меха

Radiomarsho.com 

Лидовская Анастасия Массанхьа а санна, нехан эца таро хинйолу хIусамаш ян гIерта ша, боху Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедало. Амма дина девллачу цIенош чуьрчу хIусамийн мехаш бу да ваххол – ца эцало уьш нахе. Тхов боцу бахархой уггаре дукха болучех ю республика. Банкаша лучу ипотекех уггаре кIезиг ял йоккху мохк а бу ХIирийчоь. Ишта доллушехь а, деса лаьтта дина девлла цIенош - ипотека йорах хиларх ца тоьу, хеннахь цуьнан дакъош банкашка дIа ца делча туху гIуданаш даккхий хилча, ткъа ипотекин гIуданаш тIехьаьрчина бу вуно дукха нах. Читать дальше...



Бошмаш дIаен гIо дийр ду Нохчийчоьнан Iедало - Кадыров

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу бахархоша шайн бошмаш дIайийча дика хир дара, аьлла дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу гIуллакхо гIо дийр ду аьлла хета цунна, нахана кхачанан сурсташца кхачо ян. "Шайн долахь болчу гӀоьналлин бахамна тIе тидам бахийта беза. Цхьа а беш йита мегар дац дIаеза, стоьмийн бешаш къепе яло еза. Цунна хан йолуш ю. ТIедожийна кхеторан болх бан массанхьа а", - яздина Кадыровс, хаам бо "Нохчийчоь тахана" зорбан гIирсо. Кадыровс дийцарехь, Iедало кийча ду оьшучарна ден хIуш дала... Читать дальше...

Кхин а шина вахархочун коронавирус хаькхаелла Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

ДIадаханчу дийнахь-бусий Нохчийчохь коронавирус кхетта хилар гучудаьлла кхин а 2 вахархочун. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Роспотребсоюзан сайта тIехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цу кепара, карарчу хенахь Нохчийчохь и цамгар кхеттачу нехан терахь ду 36. Царах 12 стагана коронавирус хилар тIечIагIдина лерринчу лабораторешкахь. Меттигерчу лоьрашна ун кхетта хилар хааделлачул тIаьхьа дархойн тесташ дIажош ю Москвахь а, Новосибирскехь а йолчу лабораторешка. Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана... Читать дальше...

Уфан вахархочун гIуда тоьхна карантинан раж йохорна

Radiomarsho.com 

Уфахь 15 эзар сом гIуда тоьхна суьдхочо меттигарчу вахархочун 33 шо долчу Шарифуллин Русланна. Иза бехке вина, коронавирус яьржаш а йолуш, изоляцин раж йохорна. Цунах лаьцна хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн Башкирин урхалло. Полисхоша лаьцна Шариффулин Охан-беттан 2-чу буса рейд дIахьош. Иза хилла президента Путин Владимира бехктакхаман кодексехь гIуданаш юкъадохуш хийцамаш бинчул тIаьхьа маситта сахьт далале.

Москва. Некъан бохалла – 20 камера

Radiomarsho.com 

Балха дIакхачале 20 камера ю некъаца хIоттийна. Муха ларбо карантинехь болу Москвара бахархой. Материалан автор "Настоящее Время" телеканалан корреспондент Алексей Александров

Коронавирус хьакхаелла стаг гучуваьлла ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Лоьраша тIечIагIдина ГIалгIайчуьрчу вахархочун коронавирусан ун кхетта хилар. Республикан Iедалша чIагIдарехь, карарчу хенахь цуьнан хьал дIоггара вон дац. "Саццаза лоьрийн тидамехь ву иза", - хаам бина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас. Цо дийцарехь, республикерчу кхин а 6 вахархочун анализаш дIахьажийна Москох, коронавирус кхетта хила мега аьлла шеко йолуш.



Советан маршал хиллачу Коневна хIоттийна хIоллам вовшахбаьккхина Прагехь

Radiomarsho.com 

Советан пачхьалкхан маршална Конев Иванна хIоттийна хIоллам вовшахбаьккхина Чехин коьртачу гIалахь Прагехь пIераскан дийнахь. Цу хьокъехь сацам бинера стохка Прага-6 гIалин кIоштан кхеташоно. Иза вовшахбоккхур болу де билгалдаьккхина дацара. Прага-6 кIоштан куьйгалхочо Коларж Ондржейс хIоллам дIабаккхарна комментарий йина: "Цуьнан юьхьтIехь туьтмIажиг яцара. Низам лардан деза массара а – ураме вала йиш яц, бага а, мара а хьулбина бен". Чехехь карарчу хенахь коронавирус бахьана долуш юкъаяьккхина ю дерриг а къоман карантин. Читать дальше...

Макка кхача цагIертар доьху цигарчу Iедало

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийчоьнан Iедало коронавирус яржарца доьзна доьху бусалбанашка кхушара ХьаьжцIа баха цагIертар. Дерриг а дуьнетIера миллионаш нах хуьлу Маккахь а, Мединехь а, амма кхушаренна, «вай АллахIан гIоьнца ун эшшолц», контракташ хIиттадойла дац езачу меттигашка тураш латточу компанешца, хаамбо пачхьалкхан векалша.

Коронавирус кхеттачу нехан терахь 36-га хьаладала мегаш ду Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Оханан-беттан 2-чу сарахь бинчу хаамца, Нохчийчохь коронавирус хьакхаелла хила мегаш ву 36 вахархо. Царах 10 стаг ун кхетта хилар тIечIагIдина федералан тIегIантIехь. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана меттигерчу телевизионехь къамел деш. Цо дийцарехь, дарбанан цIеношкахь болчу дархойн хьал юккъерчу барамехь ду. СадаIарца халонаш хьоьгуш ю 60 шо долу цхьа зуда. Иза тIетесна ю нуьцкъала садоIуьйтучу гIирсана. Карарчу хенахь карантинехь ву Нохчийчохь 861 стаг.

Буьйсанна дIасалелар дихкина Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Коронавирус бахьана долуш Оьрсийчохь уггар хьалха буьйсанна дIасалелар дихкина Нохчийчохь. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцарехь, адамаш а, машенаш а дIасалелар сацош ду республикехь сарахь 8 даьлча, Iуьйранна 8 даллалц. Цу ражо болх бечу заманна дIасалела бакъо ю болх ца бича ца йолучу урхаллийн белхахойн.  Иза ца дича цадолуш дина ду, яздина Кадыровс шен Telegram-каналехь. Цо дийцарехь, комендантан сахьт болх бан долалуш ду тахана, Зазадоккху-беттан 3-хь дуьйна. Юкъаяьккхина раж маца дIайоьрзур ю дуьйцуш дац. Читать дальше...

Куьйгашна чевнаш йина нохчийн совдегар Джабраилов дIакхачийна дарбанан цIийне

Radiomarsho.com 

Шина куьйгана чевнаш хилла вевзаш нохчийн совдегар Джабраилов Iумар дарбанан цIийне вигина хилла еарин дийнахь, яздо Оьрсийчуьрчу зорбан гIирсаша. Сихха гIо эшна лоьраш кхайкхина хилла  Нохчийчоьнан ц1арх Оьрсийчоьнан Федерацин кхеташонан хиллачу декъашхочун  цуьнан машенлелорхочо. "Mash" телеграм-канала бинчу хаамца, Джабраилов лоьраша шайца дIавигина шайн клинике Москварчу Измайловски шоссе урамехь долчу хьешан цIийнера. УЬш тIекхачале цуьнан чевнашна хьарчийна хилла гатанаш. Чевнаш дахарна кхераме ца яц.

Оханан-беттан 30-чу кхаччалц яхйина Путина болх ца бен раж

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир еарин дийнахь телевизионехула къамел дина халкъе. Цо Оханан-беттан 30-чу кхаччалц яхйина болх ца бен раж. Президента дIахьедар дина, балха ара ца бовлучу белхахойн алапа диса дезаш ду аьлла. Путина иштта кхин а алсам бакъонаш елла федерацин субъектийн куьйгалхошна, церан аьтто хилийта коронавирусца къийсам латтош, хIоранан а шайн регионе хьаьжжина, оьшург дан. Оьрсийчохь чолхе хьал ца кхайкхийра Путина.

Спорт в России и мире
Москва

В Москве на пяти площадках 20 апреля пройдут праздники проекта "Мой спортивный район"


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Андреева победила Подороску на старте турнира WTA в Руане


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Эксперт Президентской академии в Санкт-Петербурге о сохранении экологии Севастополя





Путин в России и мире
Москва

Путин всё знал, но никого не предупредил: Немцы обвинили Москву в прорыве израильского Купола


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Очередные кадровые назначения объявлены в Минске




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Владимир Зеленский подтвердил ракетный удар по аэродрому в Джанкое


Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Фрэнк Синатра

Мартин Скорсезе вернулся к идее 15-летней давности. Он снимет Леонардо ДиКаприо в роли Фрэнка Синатры



Москва

Рифат Сабитов принял участие в совете экспертов по проблемам реабилитации участников СВО

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net