Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 14.04.2020

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (14.04.2020)

Radiomarsho.com 

Кавказехь даьржа ун, Нохчийчохь ца бо там-мах, журналисташа дарвина Ка-дыров (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

ГIело а, "профилактикан тептар" а. Iедална дуьхьал леттачийн доьзалшкара хьал

Radiomarsho.com 

Абдуллаева Зайнаб Анализан а, конфликташна дуьхьалояран а Центро довзийтина Къилбаседа Кавказехь Iедална дуьхьал тIемаш бинчу нехан доьзалшна адаптаци ярца долу хьал. Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а 40 зудчуьнгара эцначу интервьюн буха тIехь хIоттийна Центро шен «Кханене – маьрша гIулч?» цIе йолу таллам. Муха беха тIеман конфликташкахь цIийндай байина я уьш еххачу ханна набахтешна чубохкарна цхьалха бисина зударий а, церан бераш а, теллина тептаран авторша. "Хиллачу къамелаша гойту... Читать дальше...

Коронавирус я мацалла?

Radiomarsho.com 

Волкова Алиса   Охан-беттан 5-чохь, кIирандийнахь, хIирийн Дигора гIалахь халкъан гулам хIоьттира. БIе гергга вахархочо доьхура шайна болх я ахча хилийтар, бохура, яц цхьа а коронавирус, ткъа нах хIусамашкахь сецор – иза уьш «кхетамчуьра баха лелош гIурт бу», цунах «тешнабехк» олу. "Кавказ.Реалиис" хаьттира эксперташка, стенна ца теша нах ун даьржаш хиларх. Дигорарчу протестан цхьа декъашхо лецира. Полицехь де-буьйса гергга текхира цо, дIахийцира цIахь цасацарна протокол а хIоттийна. ШолгIачу... Читать дальше...



Тхуна санна шуна дика болх хила лууш цхьа а вац боху нохчийн министро гIалгIашка

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан бахархошка кхайкхамбина Нохчийчоьнан зорбан министро Умаров Джамбулата, шина вежараллин къоман барт эгIо гIертачу нахе ла ма дегIа аьлла. «Нохчашна санна, шуна дика хила лууш цхьаъ вац. ХIаъ, ду дера кхиндолу бусулба къаьмнаш а шуна дика болх хила лууш, амма гIалгIашна а, нохчашна а юкъара вежараллел деза хIума дац», - аьлла, билгалдаьккхина министро. Ишта Умаровс тIетоьхна: «Дала а, вайн цхьана хиларо а бен гIо дийр дац вайна кху бохамна кIелхьара довла. Цундела лаьара суна... Читать дальше...

Испани: Коронавирусах белла бусалбанаш дIабухкуш

Radiomarsho.com 

Мадридна гена доццуш, Гриньон муниципалитетерчу бусалба бIаьхойн кешнашкахь дIабухку кху муьрехь уьнах белла бусалбанаш. Велларг дIаволла ваха ца мега массех стагна бен. Тезета а ца боьлху дукха – доьзалш, массех накъост а, молла а. Болчу хаамца, баларш кIеззиг лахделла Испанехь, дIадахначу еарийдийнахь велларг вара 683 стаг. Вирус яьржичхьана схьа кхелхина 15,5 эзар гергга. COVID-19 хьакхаелла ву Испанехь I53 000 кхоччуш вахархо.

Коронавирусан ун даьлла кхин а 68 стаг тIекхетта Къилбаседа Кавказехь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказерчу коронавирусан ситуацех бинчу хаамашца, яхначу буса кхин а 68 ун даьлла стаг хилар къаьстина цигахь. Роспотребнадзоран информацица, Къилба ХIирийчохь къаьсттина алсам бу COVID-19 ун кхеттарш - 18 стаг. Дагестанехь 16 вахархо хаавелла, Нохчийчохь 15, Ставрополан кIоштахь 9, Адыгейхь 7, Кхарачойн Чергазийчохь -3. Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахь керла ун даьлла нах билгалбевлла бац.

Яхначу буса Оьрсийчохь кхин а 2774 вахархочуьнца гучуяьлла COVID19

Radiomarsho.com 

REGNUM хьостан информацица, яхначу буса Оьрсийчуьрчу кхин а 2774 вахархочунна коронавирусан ун даьлла. Москварчу оперативан штабо бина и хаам шинаридийнахь. Керла вирус кхетта нах билгалбевлла 51 регионехь. Велла унах 22. Къаьсттина цомгуш нах дукха бу Москвахь -1489. Цунна тIаьхьа ю Подмосковье - 460 стаг, Санкт-Петербург — 121, Коми-97, Нижегородскан кIошт — 68. Йоллу Оьрсийчохь верриг а COVID19 токхуш ву 21 102 вахархо. Велла уьнах 170, дарба хилла 1694 стагна.

Москвара лазартнеш юьзна ундаьллачех. Лоьрийн а, дархойн а дийцарш

Radiomarsho.com 

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 1355 вахархочуьнца COVID-19 ун гучудаьлла Москвахь. Верриг а 11, 5 эзар вара уьш цул хьалха. ПIераскандийнахь дуьйна саццаза нах бу дарбан хIусамашка кхуьйлуш, коронавирусо меттахъяьккхинчу пневмоница. Километрашкахь дархой балочу лоьрийн сихаллин гIо кхачочу «скорая» машенийн раьгIнаш лаьтта некъашца.

Нохчийчохь шариIатехь там-мах бар ханна сацийна

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу муфтиято цхьана ханна юкъахдаьккхина керла доьзал кхуллучу шинна юкъахь шариIатехь там-мах бар. ТАСС агенталле бина и хаам оршотдийнахь регионерчу динан урхаллан зорбанчаша. «Муфтийс Межиев Салахьа дIахьедар дина, шариIатехь там-мах бар официалехь сацош ду, эпидемиологин хьал чIагIдаларца доьзна аьлла», - билгалдаьккхина муфтиятан пресс-гIуллакххоша. Нохчийчохь 49 стаг ву коронавирусан ун даьлла. Пхиъ велла, 15 дарба а хилла, цIа вахийтина. Оршотдийнахь дуьйна туькана, я молханаш эца воьдучунна карахь бакъо хила еза аьлла... Читать дальше...

БIеннашкахь оьрсийн туристаш СаIуда Iаьрбийчохь бисина

Radiomarsho.com 

БIеннашкахь оьрсийн туристаш, дукхахберш Нохчийчуьра а, Дагестанера а болуш, цIабахка таро йоцуш СаIуда Iаьрбийчохь бисина. «Открытые медиа» хьостано бина и хаам, цигахь йисинчу цхьана оьрсийн туристан хаамна тIе а тевжина. Нуриманова-Якупова Динарас бахарехь, Зазадоккху-беттан тIаьххьарчу деношкахь дуьйна оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министраллехь а, консулаллехь а шайн дехаршна луш жоп дац, я маца цIа дига дагахь бу а дуьйцуш дац аьлла. Оцу юкъанна, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа а, Великобританис а... Читать дальше...

"Новая" газетана шога критика йина Кадыровс

Radiomarsho.com 

«Новая газетано» республикерчу коронавирусца йоьзначу ситуацех зорбане яьккхина информаци бакъ ца йинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, журналисташна нохчийн меттан гочдархо хьехна. КIирандийнахь «Новая" газетано хаамбира, Керлачу АтагIахь стаг дIавуллучохь хиллачу цхьаболчу нахаца къамел хилира шен, цара дийцарца, тесташ йина а ца хиллера царна, изоляцехь Iе аьлла, тесна битина хиллера уьш бохуш. Ишта газетас яздора, Нохчийчуьрчу масийтта кIоштахь дарбан хIусамаш карантинна дIакъевлина хиларх а... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

Команда Орловской области стала победителем хоккейного турнира среди команд Черноземья


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Свёнтек разгромила Кырстю и вышла в 1/8 финала турнира WTA-1000 в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Москве прошел ливень «летней интенсивности»





Путин в России и мире
Москва

Поведение Путина вызвало резонанс, потерянные в 90–е заводы возвращаются РФ


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Басманный суд Москвы арестовал продюсера Reuters Константина Габова за помощь ФБК в подготовке материалов



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Михаил Кутушов

Компания ICDMC стала победителем престижной премии в сфере ЗОЖ – Green Awards 2023/24



Москва

«Не смогла остановиться»: мать-одиночка Юлия Ефременкова купила восьмую квартиру

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net