Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 17.04.2020

Триллион «юханехьа карчаде»! Падемин коррупцех

Radiomarsho.com 

Машанов Григорий,                                                                                                  Маршо Радион оьрсийн сервис Оьрсийчоьнан Iедал триллионаш дайа доллу коронавирусан пандемица дIахьочу къийсамехь а, цуьнан тIаьхьало дIашаръеш а. И ахча мел эвсара дойур ду ала хьалхе ду, амма, халахеташ делахь а, бух бу цхьаберш цунах шайна бахам бан сихлур бу ала. ХIинцале гуш ду, лаккхара мехаш а луш, медицинан гIирс а, молханаш а, доьза яйна масканаш а цIечу мехах юхаюхкучаьргара... Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (17.04.2020)

Radiomarsho.com 

Нохчашлахь яьржа вирус, совцийна кеманаш, набахте хьажийна нохчо (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).

Къилбаседа Кавказехь кхин а 254 стаг тIекхетта коронавирусца

Radiomarsho.com 

Оперативан штабан тIаьххьарчу информацица, Къилбаседа Кавказан регионашкахь коронавирусан инфекцих пхи стаг велла. Кхоъ Дагестанехь, Адыгейхь а, ГIалмакхойчохь а цхьацца кхелхина. Ун даьлла 254 вахархочунна. Еаридийнахь 206 вара COVID19 вирусца билгалваьлла. Керла цомгашхилларш алсам бу Дагестанехь - 59 стаг. ГIалгIайчохь 38, Адыгейхь - 36, Краснодаран кIоштахь - 30, ГIебарта-Балкхаройчохь 23, Кхарачойн Чергазийчохь - 19, ГIалмакхойчохь - 17, Къилба ХIирийчохь - 13, Ставрополан кIоштахь - 12, Нохчийчохь - 7.



Афганистанехь тIалибаша тIелатар дина. Вийна 9 эскархо

Radiomarsho.com 

Яхначу буса Логар провинцерчу Чарх эвлахь эскархойн постна тIалибаша динчу тIелатарехь Афганистанан эскарера 9 тIемало вийна аьлла, дIахьедина пачхьалкхан тIеман министралло. ГIиргIазойн Азаттык радиога министраллан пресс-секретаро Аман Фавада бинчу хаамца, тIалибийн могIаршкахь а даккхий зенаш хилла. "ТIалибан" боламо цкъачунна динчу зуламах комментари йина яц. 18 шарахь Афганистанехь боьду тIом сацорхьама, Чиллан-баттахь Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташца бина машар боллушехь тIалибаша-тIемалоша тIелетарш совца ца до. Читать дальше...

COVID19 яьржинчу юккъехула кегийрхой эскаре хьовсо хьийза Москвара Iедалхой

Radiomarsho.com 

Кхайкхийна карантинан раж йоллушехь кегийрхой бIаьста эскаре бига кечамаш беш бу Москвара Iедалхой. Ялх эзар жимстаг арми вахийта Iалашо ю церан, даим санна. "Коммерсанто" яздо цунах лаьцна, гIалин мэрино префекташка дахьийтинчу "некъан картана" тIе а тевжина. Кхоазза тIеман комендатуре бахка декхаре бина тIекхойкхурш. Цкъа делахь, комиссина тIебахкале 30 де хьалха "диагностикан талламаш/анализаш" дIаяла еза церан. Анализаш яла хьажош кехат схьаэца дезар ду церан тIеман комендатурехь, я СМС-хаамца. Читать дальше...

Шина нохчочо вогучуьра кIелхьара ваьккхина францхо

Radiomarsho.com 

Маршо Радионо хаьийтина ма-хиллара, Францерчу Монтерей-Фон-Йон гIалахь догучу цIенна тIенисвеллачу шина нохчийн мухIажиро - 33 шо долчу Домбаев Джамбулата а, 40 шо долчу Улубаев Маьхьдис а – валарх кIелхьарваьккхина воккха стаг. Кегийнехан хьуьнарх лаьцна Францин президенте кехат дахьийтина махкарчу нохчийн диаспорин хьалханчаша. Стаг шаьш муха кIелхьарваьккхира дийцира цара Маршо Радиога.

Украинин Кхерамзаллин Урхаллера инарла лаьцна: хIун лардан дуьсу Кавказерчу мухIажирашна?

Radiomarsho.com 

Деркач Анвар Украинин Кхерамзаллин Урхаллин буьйранчас Баканов Ивана хаийтина шен хьукматера инарла-майор Шайтанов Валерий Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисна – ФСБ-на - болх беш хиллийла а, иза лаьцнийла а. Урхаллин карахь массо а тоьшаллаш ду, боху Бакановс. Иза тIечIагIдеш, довзийтина Шайтановс ФСБ-ра ву бохучу стагаца Донбассехь сепаратисташна дуьхьал тIом бина Осмаев Адам вен кечамбеш дина къамел. Осмаевна шозза йина кIело. 2017-чу шарахь киллеро Куркамаевс еза чов йира цунна, оццу шеран гурахь... Читать дальше...

Кавказехь къаьсттина лахара алапа ду нуй-горгам хьокхучу белхалойн

Radiomarsho.com 

Росстатан зерашца, юккъерчу барамехь аьлча, Оьрсийчохь офисашкахь а, хьукматашкахь а нуй-горгам хьокхучу белхалойн алапа 20 эзар соьмал а совдолуш ду. Ткъа Москвахь и терахь шозза лакхара ду - цигахь 35329 оьцу, яздо News.ru хьостано. Уггар а дукха ахча оьцу оцу сферехь Чукотскан (47275), Ямало-Ненецкан гонашкахь - (41688) сом.  Магаданан кIоштахь (39 093), Камчаткехь (38 165), Сахалинехь (37 116). Уггар а лахара алапаш оьцу ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, Кхарачойн-Чергазийчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а. Читать дальше...



Наркотикаш яьхначу Нохчийчуьрчу вахархочунна 3 шо хан тоьхна Къилба ХIирийчохь

Radiomarsho.com 

Наркотикашна тIехула бехкзуламан гIуллакх кховдийначу Нохчийчуьрчу вахархочунна Къилба ХIирийчуьрчу Советский кIоштан кхело набахтехь даккха кхо шо хан кхайкхийна. Информаци зорбане яьккхина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Стохка гурахь БуьритIерчу полисхоша Къилба ХIирийчоьнан дозанхошца "Ларс" олучу постехь лецира Соьлжа-гIалара вахархо, шеконаш хилла. Шен доттагIчуьнца цхьана цуьнан машенахь Гуьржийчуьра Оьрсийчу вогIуш хиллера 39 шо долу лаьцнарг. Шеконаш кхоллаеллачу ницкъахоша дегIах таллам бича... Читать дальше...

Оьрсийчохь де дийне кхуьуш ду COVID19 ун даьллачийн терахь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь коронавирусан эпидеми иккхичхьана верриг а ун даьлла ву пачхьалкхехь 32007 стаг. Цамгар ца яржийта некъаш лаха вошахтоьхначу оперативан штабо бина ишта хаам. ТIаьххьарчу дийнахь-бусий ун даьлла хиларца къаьстина кхин а 4069 стаг. ХIора денна хIоттон керла рекорд ю иза. Ишта тIаьххьарчу цхьана дийнахь велла COVID 19 вирусах 41 пациент. Эпидеми яьржичхьана кхелхина 273 вахархо. Дарба хилларг ву 2590.  Йоллу пачхьалкхехь цхьа регион яц коронавирусан ун даьлла стаг воцуш. Къаьсттина... Читать дальше...

ГIалгIайн "Даймохк" юкъаралло дIатесна хIирийн "Наша Осетия" болам

Radiomarsho.com 

ГIалгIайн "Даймохк" юкъаралло диллина дIахьедар дина "Наша Осетия"  боламна юкъара шаьш арадовлуш хиларх. Боламан куьйгалхочун Лагкуев Вячеславан леларна тIехула бина сацам бу и шаьш аьлла, билгалдаьккхина гIалгIаша шайн кехат тIехь. "1992-чу шеран хиламаш бирзинчул тIаьхьа гIоьртина хьал дайдархьама, юкъахь проекташ кхочушйийр ю аьлла хеташ дIакхеттера "Даймохк" юкъаралла "Наша Осетия" боламах", - аьлла ду дIахьедарехь. Дуьххьара цакхетамаш хилира царна юкъахь Лагкуев Москвахь Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатехь вистхиллачул тIаьхьа. Читать дальше...

Кхечу мехкашка билеташ дохкар юкъахдаьккхина "Аэрофлото"

Radiomarsho.com 

Дуьненаюкъарчу рейсашна билеташ дохкар сацийна "Аэрофлот" компанино Товбеца-бутт баллалц. Карарчу хенахь Марсхьокху- беттан хьалхарчу деношкара дуьйна билеташ эца таро ю Москвара Нью-Йорке а, Стамбуле а, Гаване а, Мале а, кхечу пачхьалкхашка а. Кхин хьалхе оьцийла яц. ХIинццалц авиакомпанин сайтехь билеташ эца йиш яра дуьненаюкъарчу рейсашна карара бутт байначул тIаьхьа. COVID-19 коронавирусан эпидеми ца яржийтархьама Оьрсийчоьнан Iедалхоша кеманаш совцийра Зазадоккху-беттан 23-чохь дуьйна. Кхечу... Читать дальше...

Нохчийчохь 115 стаг ву коронавирусан инфекцица

Radiomarsho.com 

Еарин сарахь Нохчийчуьрчу могушаллин министро Сулейманов Эльхана "Грозный" пачхьалкхан телехьожийлехь бинчу хаамца, кхин а 10 стаг тIекхетта махкахь коронавирусан инфекцица. ХIинца верриг а цомгуш лоруш ву 115 стаг.  Министро бахарехь, эзар сов вахархо ву лоьраша зуьйш. Дийцарехь, эпидемиологин хьал телхинчу мехкашкара цIабаьхкина нах бу уьш.

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева замыкает год // 16-летняя российская теннисистка успешно стартовала на крупном турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Zoomlion продемонстрировала последние достижения на выставке INTERMAT





Путин в России и мире
Москва

Мария Захарова раскритиковала высказывание Нэнси Пелоси о Путине и протестах в США


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



The Beatles

«Если прищуриться, мы похожи на The Beatles» // Евгений Цыганов о своей карьере музыканта



Москва

Жительница Ленинского округа выплатит 2 миллиона рублей за свалку

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net