Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Апрель
2020

Новости за 06.04.2020

Закаев Ахьмад, вевзаш волу нохчийн политик, дарбан цIийне кхачийна коронавирус кхетта хиларх йолчу шеконца

Radiomarsho.com 

Британехь веха нохчийн политик Закаев Ахьмад дарбан хIусаме кхачийна коронавирус кхетта хиларх йолчу шеконца. Оцу хьокъехь хаам бина "Кавказ.Реалиига" Закаевн гергарчара. ПIераскан дийнахь, COVID-19 уьнан битамаш хаало шайна шайца, аьлла, лоьрашка латкъам бина Закаевн доьзалан декъо. Кхо де даьлча садеIар чолхене даьлла Закаев Ахьмадан, оцу бахьанийца сихха дарбан хIусаме виллина иза. Политикера хьал аттачу доккхуш, лоьрашна иза пехашка садоIуьйтучу аппартах воза бакъо елла гергарчара.

Кадыров: "Мишустине информаци нийса ца кхачайо"

Radiomarsho.com 

Оршоьтан сарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Телеграмехула тидаме эцна Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила, федералан низамаша шайна магош доцург дан, мехкийн дозанаш къийла бакъо яц регионийн куьйгалхойн, аьлла, дина къамел. "Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхочо – Коронавирусца къийсам латточу координацин кхеташонан куьйгалхочо Мишустин Михаила регионашна юкъара дозанаш къийларх лаьцна къамел дина. Оцу хьокъехь сайна хетарг ала лаьа суна. Цхьацца хьесапашкахь дехкарш ду иттаннаш мехкашкахь юкъадаьхна. Читать дальше...

Маршо Радион тIаьххьара керланаш (06.04.2020)

Radiomarsho.com 

Полисхоша йиттинарг вигина ТВ-хула гайта, Кадыровс къобалдо устрадахочунна еттар, ГIалгIайн лоьраш бу орца дохуш, Хьан юу массарел дукха? (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).



Даудов Мохьмад: 113 стаг веана Нохчийчу ун кхеттачу зудчуьнца цхьаьна

Radiomarsho.com 

ДIадахначу пIераскана Москва-Соьлж-ГIала кеманца 114 стаг веана Нохчийчу. Оцу нахаца хилла коронавирус кхетта жима зуда. И аьлла хаам баржийна Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада шен Instagram-агIонехь. Даудовс дийцарехь, йоIа, шен ваша волчу Москва яхча, несера схьаэцна вирус. Ткъа йоI ун кхетта хилар гучудаьлла иза Соьлж-ГIала кхаьчча. Дуьйцучу дийнахь «Шереметьево-Соьлж-ГIала» кеман рейсаца махка баьхкинчу нахе карантин лаца аьлла, вистхилла Даудов. Нохчийчу автобусца веъначу цхьана стагехь а карийна ун. Читать дальше...

Карантинна дуьхьал гулам дIабаьхьина Къилбаседа ХIирийчохь

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Дигорахь коронавирусан карантинна дуьхьал протест хIоттийра бахархоша. «Халкъан гуламе» гулвелира 100 гергга вахархо. Гуламхоша, «шаьш кхеташ дац хуьлуш лаьттачух, хьан жоп лур ду бакъонаш, паргIатонаш лакъоро дечу зенах», бохура. "Наханна цIахь Iан тIедожор – иза халкъ кхетамчуьра даккхар ду! Иза дIа мел кхайкхийначо жоп лур ду халкъанна тешнабехк барна, низамаш дохорна» , - бохура гулбеллачара. Протестхошна хетарехь, Iедало я балха лелийта беза нах, я ахча дала деза царна баха. Читать дальше...

«Ца оьшу регионийн бакъонаш федераланчел совъяха». Мишустина доьхку мехкашна дозанаш къийла

Radiomarsho.com 

Министрийн кабинетан кхеташонехь Оьрсийчоьнан премьера Мишустин Михаила емалдина цхьаццаболчу мехкаша шайн дозанаш дIакъовлар, регионашкарчу куьйгалхоша шайгара бакъонаш совъяхар. Хьалхо президента Путин Владимира мехкийн лидершка, бухарчу хьелашка хьаьжжина урхалла леладе аьллехь а, коронавирусна дуьхьал бен болх хIоьттинчу ситуацица богIуш, пачхьалкхан Iедало йохучу гIулчашца бустуш хила беза, боху премьер-министра. Премьер-министра дийцарехь, цхьаццайолчу регионашкахь хааделла наханна транспортца дIасалела новкъарлоеш. Читать дальше...

«РогIехь лела тхо туькана»

Radiomarsho.com 

Муха беха карантино «чубоьхкина» бахархой, муха хийцаделла оцу хьелашкахь шайн дахар, дуьйцу Ставропол-махкарчу бахархоша.



Юуучунна уггаре дукха ахча духкурш бу Къилбаседа Кавказан бахархой

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь кхачанна мел ахча духку бахархоша теллина «Аналитикан рейтингийн кредитан агенталло» ("Аналитическое кредитное рейтинговое агентство"). Хьалхарчу пхеа регионашлахь бу Къилбаседа Кавказера кхо мохк. ГIалгIайчуьрчу доьзало юккъерчу барамехь юуучунна духку шена кхочучу ахчанах 59%, Дагестанерчу доьзало – 57%. Оьрсийчоьнан мехкех пхоьалгIаниг ю ГIебарта-Балкхаройчоь – цигахь доьзало шен ахчанах уучунна хьажадо 45%. Оьрсийчоьнна юккъерчу хьесапехь ларалучу барамехь кхачанна ахча духку доьзалша Къилбаседа ХIирийчохь ... Читать дальше...

"ХIора белхан раж - тIом бу-кх!"

Radiomarsho.com 

Материал вовшахтоьхнарг "Настоящее Время" телеканалан автор Суворина Кристина Италерчу лоьраша дуьйцу, шаьш коронавирусна латточу дуьхьалонех 10 эзар медицинан белхахо ву Италехь COVID-19 вирус кхетта. Ткъа царех кхелхина 116. Къаьсттина ун даьлла доьзалашна тIехь лаьттачу лоьрашна. "Настоящее Время" телеканална дийцира, Италерчу дарбан хIусамашкарчу сихаллин гIо кхачочу машенийн шофераша а, лоьраша а, шаьш пациенташа а, коронавирусах дарба дечу лазартнешкахь а, интенсиван терапин дакъошкахь а долчу хьолах. Читать дальше...

Кхин а 5 стаг тIекхетта коронавирус лаьцначу дагестанхошна

Radiomarsho.com 

Дагестанхошлахь COVID-19 ун кхеттачийн терахь хьалакхиина 30-нне. Виъ стаг то а велла, араваьлла дарбан цIийнера. Коронавирус яржар тергалдечу Роспотребнадзоро бахарехь, ун лаьцначу наханна гергахь нисваларна Дагестанехь карантине хаийна ву 2163 вахархо.

Дуьххьара кхо стаг гучуваьлла ун кхетта Кхарачой-Чергазийчохь

Radiomarsho.com 

Темрезов Рашида, Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо, хаамбина шайн махкахь коронавирус кхетта духхьара кхо стаг хааваларх лаьцна, боху "РБК-Кавказ" агенталло. "Тахана, кIирандийнахь, официалехь тIечIагIдина тхан республикера кхо стаг коронавирус кхетта хилар», - аьлла Темрезовс. Цо бахарехь, кхин а цхьа стаг ву зуьйш, цуьнан тест цкъачунна теллина яланза ю.

«Мелхо а, ас бакъво иза». Полисхоша нийса йиттина устрадахочунна, боху Кадыровс

Radiomarsho.com 

Инстаграмехула ша ечу эфирехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бакъбина Устрада-ГIалахь вахархочунна етташ гайтина полисхой. "Мелхо а, ас бакъво иза. Цкъа а, шозза а шега аьлла хилча, иза кхозлагIа а стенна волу ара? Даха ца лаьа вайна? Цхьана стаганна еттар атта ду суна, эзар дIавуллучул», - аьлла Кадыровс. Деношкахь видео яьржира машанашкахула, Устрада-ГIалахь карантинан хьал тергалдечу полисхоша меттигерчу вахархочунна, иза арахула леларна, етташ. ТIаьхьо хиламан видео яьккхинарг а... Читать дальше...

ГIалгIайчуьра могашаллин министралла гIайгIане яьккхина махкахь коронавирус яьржаш хиларо

Radiomarsho.com 

Магасерчу лоьрийн урхалло бечу хаамца, гIалгIашлахь совдолуш ду COVID-19 ун кхеттачийн терахь. Шоьтан буса а, кIирандийнахь а дархой дебна, вирус кхетта хиларх шеко йолуш ву кхин а 13 вахархо, боху хаамехь. Верриг а, ун лохуш, лоьрийн талламах чекхваьккхинарг ву ГIалгIайчохь 680 стаг. Мехкан урхаллаша телегойтийлашкахула доьху махкахошка хIусамашкара ара цабийлар, могашалла ларъяр.

«Грозный» телеканалехула гайтина полицино вахархочунна етташ видео яьккхинарг а, цуьнан гергарнаш а

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу ницкъахоша рогIерчу вахархочуьнга нах къинтIера бахийтина ша социалан машанашкахь «хьашт доцург» даржорна. Цунах лаьцна сюжет гайтина «Грозный» телеканало. Хьалхо машанашкахула яьржира Устрада-ГIалин урамашкахула лелачу полисхоша, машена чуьра охьа а ваьккхина, меттигерчу вахархочунна, цо карантинан хьал талхорна, етташ.   Нохчийчуьрчу Iедало йиллина лелочу кепехь махкахой «къинтIера бохуш» гайтина телевиденехула видеон автор Давлиев Iабдурахьман а, цуьнан шича-маьхчалара стаг Амалиев Бислан а... Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Новак Джокович

Шикарный и практичный стиль Елены Джокович из базовых вещей


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Прокуратура Москвы: тело мужчины нашли в лесопарке в Сокольниках





Путин в России и мире
Москва

Поездам прибавляют ходу // Как может сократиться время пути от Москвы до курортов на Черном море


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Дух разделения в Святой Руси, или Можно ли лишиться сана за отпевание Навального*



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Александр Розенбаум

«Это не бомжовые заведения»: 72-летний Александр Розенбаум зарабатывает миллионы на пивном бизнесе



Москва

Можно ли самостоятельно продезинфицировать квартиру

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net