Кхин а 5 стаг тIекхетта коронавирус лаьцначу дагестанхошна
Дагестанхошлахь COVID-19 ун кхеттачийн терахь хьалакхиина 30-нне.
Виъ стаг то а велла, араваьлла дарбан цIийнера.
Коронавирус яржар тергалдечу Роспотребнадзоро бахарехь, ун лаьцначу наханна гергахь нисваларна Дагестанехь карантине хаийна ву 2163 вахархо.