Дийнахь-буса 252 стагехь гучуяьлла коронавирус Къилбаседа Кавказехь
Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхетта билгалваьлла 252 вахархо.
Коронавирусна духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, уггаре дукха бу ун лаьцначаралахь дагестанхой.
Охан-беттан 22-чу денна цомгуш хиллачех лаьцна Штабо яржийначу информацера ду хIара терахьаш:
Дагестан - 46
ГIалгIайчоь - 43
Кхарачой-Чергазийчоь - 39
Къилбаседа ХIирийчоь - 34
ГIебарта-Балкхаройчоь - 23
Ставропол-мохк - 11
Краснодар-мохк - 20
Нохчийчоь - 20
Адыгей - 5
Верриг а уьно лаьцнарг ву Къилбаседа Кавказехь 2557 стаг.
Оьрсийчохь, Оперштабо бахарехь, 58010 вахархочуьнца хааелла COVID-19.