Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 29.06.2019

Нохчийчоьнца доза билгалдаккха комисси кхоьллина Ставрополехь

Radiomarsho.com 

Ставрополан махкахь ханна комисси кхоьллина доза билгалдоккхуш кхолладала мегаш долу хаттарш кхочушдан. Карарчу хенахь Нохчийчоьнца долчу дозанан контураш билгалъяхаран болх болийна, хаам бо "Кавказский узело". Ставропольехь кхоьллинчу комиссин куьйгалхо ву цу мехкан Iедалан гIантден когаметта Афанасьев Николай. Цунна юкъахь бу меттигерчу Iедалан бахаман а, Iаламан а, юьртабахаман а министраллийн а, кадастран палатан а векалш. Доза билгалдоккхуш дакъалоцур ду меттигерчу кIоштийн Iедалхоша. Читать дальше...

Дагестанехь 8 шо хан кхайкхийна Шемара цIа йирзинчу зудчунна

Radiomarsho.com 

8 шо хан кхайкхийна 2013-чу шарахь шен хIусамдеца Шема дIаяхана хиллачу Дагестанерчу яхархочунна. Амирханова Эльмира бехке йина низамашца йоьцучу тIеман тобан декъашхо хиларна. Кхело оцу хьокъехь сацам бина хилла Стигалкъекъа-баттахь, амма цунах лаьцна шотдийнахь хаам бина "Коммерсанто", яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо. Амирханова къера хилла ша бехке хиларна. Цо ша дохкояьлла боху ша лелийначун. Зудчо дийцарехь, иза ца вахийта гIиртина хилла шен хIусамда Шема, амма майра реза хилла зудчуьнан паспорт дIадала... Читать дальше...

Нохчийчохь 8 етт лачкъийна стаг къарвала тIевеана полице

Radiomarsho.com 

Ша 8 етт лачкъорна бехкалвахана стаг тIевеана Хьалха-МартантIерчу полицин белхахошна. Иза ву 21 шо долу меттигера вахархо. Оцу жимачу стага даре дарехь, кху шеран Оханан-баттахь Хьалха-Мартан йистехь бежаш хилла 8 етт лачкъийна дIабигина цо, шен долабаккха дагахь. Оцу бежнех кхин дIа хилларг дуьйцуш дац. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбан сервисо бинчу хаамца, оцу стага динарг зулам лоруш ду Оьрсийчоьнан криминалан кодексо. Полицо болийна таллам.



Соьлж-ГIалахь некъахьовзамехь лазийна 3 шо долу бер

Radiomarsho.com 

Некъахьовзамехь жима бер лазийна Соьж-ГIалан Ленинан кIоштахь. Бохам хилла Айдамировн урамехь. Гуьмсерчу 26 шо долчу вахархочо урхалла дон «Мерседес-Бенц» машен тIекхетта «Лада Приорана». Иза бахьана долу Приорина чохь хилла 3 шо долу бер лазийна. Иза сихонца дIакхачийна Соьлж-ГIаларчу клиникан дарбанан хIусаме. Лоьраша таллам бича гучудаьлларг ду цу беран коган гола дIакхетта хилар. Клиникехь оьшуш долу гIо дина жимачу дархочунна.

Къола дарна къера хилла Нохчийчуьра яхархо

Radiomarsho.com 

Де хьалха Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу Соьлж-ГIалан кIоштарчу декъе латкъам бина хилла 34 шо долчу Девлетгирин-Эвларчу яхархочо. Цо дийцарехь, Мангалан-беттан 26-хь Червленнера Соьлж-ГIала бодучу некъаца лаьтташ цуьнан тоьрмигчуьра даьккхина хилла 11 000 сом. Полицин белхахаоша сихонца арабевлла таллам бича гучудаьлла иза динарг цу кIоштара 27 шо долу яхархо хила мегаш хилар. Ша лейича и жима зуда кIера хилла ша къола дарна. Таллам болийна низамаш лардон органийн белхахоша.

Болх бан йолаелла Соьлж-ГIаларчу ТЭЦ-н 2-гIа энергоблок

Radiomarsho.com 

ШолгIа энергин блок болх бан йолаелла Соьж-ГIаларчу йовхонан электростанцехь. Иза схьайоьллуш леррина церемони хилла Нохчийчоьнан коьртачу гIалахь де хьалха. Цигахь вистхуьлуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина, "Газпром" компанино кхочуш йина йолу и проект экономика кхиийтарехь республикана вуно мехала хилар. Цо дийцарехь, Соьлж-ГIалара керла энергоблок кхоьллина, кхузаманахьлерчу технологех пайда а оьцуш. Цуьнан ондалла ю 180 мегаватт. Соьлж-ГIаларчу ТЭЦ-н хьалхара блок болх беш ю стохка ГIуран-баттахь дуьйна. Читать дальше...

4,5 шо хан тоьхна Нохчийчуьрчу банкан хиллачу балхахочун

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу кхело колонехь даккха 4,5 шо хан тоьхна банкан хиллачу белхахочун (цIе юьйцуш яц). Иза бехке вина бозбунчаллаш лелорна 15 миллион сом барамехь кредиташ луш. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Оьрсийчоьнан инарла прокуратуран пресс-релизехь, хаам бо Banki.ru сайто.   Кхело къастийна зуламхочо кхаа совдегарна а, медицинан клиникан куьйгалхочунна а гIо дина хилар 15 миллион сом барамехь кредиташ оьцуш. Иштта 2012-2015 шерашкахь, цу нахаца шен тешаме юкъаметтигаш хиларх пайда а эцна, цо шега... Читать дальше...

Москох ша-шен тоьхна велла карийна Росгвардин белхахо

Radiomarsho.com 

Москох ша-шен тоьхна велла Росгвардин взводан командиран когаметта. Цуьнан дакъа карийна гIалин юккъехь йолчу цуьнан петарехь. Цунах лаьцна хаам бина "Говорит Москва" радиостанцино, низамашлардечу органашкарчу хьасатана тIе а тевжаш. Цу хьастано дийцарехь, 49 шо долу Оьрсийчоьнан къоман гвардин эскаран белхахо велла карийна 3-чу Красногвардейски урамехь. Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Москох коьртачу буьйранчаллехь радиога хаам бина, и стаг валар хьокъехь кечдина кехаташ Оьрсийчоьна Талламан комитете дIахьажийна аьлла.

Спорт в России и мире
Москва

Юные керамисты школы №2120 выиграли три Гран-при конкурса «Мир дому твоему!»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мария стала соперницей Азаренко на турнире WTA в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Zoomlion продемонстрировала последние достижения на выставке INTERMAT





Путин в России и мире
Москва

Педагогов Калмыкии приглашают принять участие в Форуме классных руководителей


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Это - война: литовские беспилотники попытались атаковать Минск




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Баста

"Новосибирск, бро, за всё прости": концерт Басты на "Сибирь-Арене" собрал аншлаг



Москва

Учения по ликвидации лесных пожаров прошли в Богородском округе

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net