ХIинжа-ГIалахь пикет тергалъеш лаьтта журналисташ лецна полицино
Лаьцна латточу "Черновик" газетерчу белхахочун Гаджиев Iабдулмуминан агIолоцуш хIоттийна пикет тергалъян баьхкинчу журналистех 8 стаг дIавигира полице тахана. Хилларг иштта ду. Шахьарарчу Советан кIоштан полице вигина «Дагестанан кегийрхой» газетан коьрта редактор Iийна Абашилов Шемал. Мехкан прокуратурина хьалха пикет дIахьош лаьтташ лаьцна иза. Цул тIаьхьа хьал тергалдан а, иза прессехь довзийта а баьхкина журналисташ шаьш а хIиттина кIоштан полицина хьалха пикете. Полисхоша, шайн «хьаькамо къамеле кхойкху... Читать дальше...