Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 18.06.2019

Журналист Гаджиев Iабдулмумин лаьцна латто магийна кхело

Radiomarsho.com 

Адвокато Магомадов Арсена бинчу хаамца, "Черновик" газетан журналист Гаджиев Iабдулмумин шина баттахь лаьцна кхаба магийна ХIинжа-ГIаларчу Советийн кIоштан кхело. Гаджиев маьрша витахь, вада мега, я тешашна тIеIаткъамбан тарло боху талламчин бахьана юьхьаръэцна кхело. Гаджиевн бехк къасточу юкъанна иза лаьцна кхаба хьашто яц,  маршонах ваккхал бахьана ца даьлла, чIагIдора ладегIаршкахь журналистан адвокаташа. Цара бахарехь, талламчас ца далийна Гаджиевс шена тIелуьйчарна Iаткъам бан мега бохучунна тоьшаллаш. Читать дальше...

Москох юкъагIертар яц Нохчийчоьно, Дагестано доза къастош бечу балханна

Radiomarsho.com 

Кремло леррина тергалбо Нохчийчоьнна а, Дагестанна юкъахь доза билгалдоккхуш бен болх, амма юкъа ца гIерта. Иштта аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнчас Песков Дмитрийс, хаамбо ТАСС агенталло. Президентан администрацехь "белхахой дакъа ду шайлахь регионашца зIе латтош регионийн кураторш а болуш". "Цундела дерриг а ду тергонехь", - аьлла Песковс. Хьалхо "Кавказ.Реалиино" бовзийтира шина мехка юкъара доза къастор 2020-гIа шо тIекхаччалц йолчу ханна тIехьатотту аьлла бина сацам. Хьалхо хаийтина ма-хиллара... Читать дальше...

Тамбиевна йиттина лаьцначохь, иза лоьрашна гайта веза, боху гергарчара

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчуьра схьаваьлла волу Тамбиев Камал лаьцна цо террористашна ахча делла хила тарло аьлла. Цуьнан могашалла кхерамна кIел ю, сихха дарбан цIийне кхачо веза, чIагIдо гергарчара. Кху беттан 14-чу дийнахь Москох лаьцна программист Тамбиев, цигара валийна ХIинжа-ГIала. Цо Дагестанерчу Iеламчица Саситлинский Абу Iумарца а, сагIадаран фондан куьйгалхочуьнца Ризванов Абубакарца а, "Черновик" газетерчу журналистца Гаджиев Iабдулмуминца а цхьаьна терроризмна финансаш латтийна боху талламо. Читать дальше...



"Со - Кочесоко" йоза а карахь сурт даьккхина кегийнах лецна Черкесскехь

Radiomarsho.com 

Черкесскан бахархой лецна, жигархо Кочесоко маьршаваккхаре сатуьйсуш, цуьнан цIе тIеязйина кехат каралаьцна сурт дакхарна - Физикова Марина а, Псеунов Аслана а, Псеунов Зураб а.   Цхьаьннан зудчо, Псеунова Зулетас, хаамбина, лецнарш Черкесскерчу полице дIабигина, аьлла. "ДIакхойкхуш кехат а ца даийтина. Сан цIийнда Аслан вига полици еана Iуьйранна. Сан оцу хенахь берийн беша бер эцна яхана яра. Чуеача, Асланца дисинчу вукху тхайн берашкара хиира хилларг", - боху Псеуновас. Кочесокон агIолоцуш сурт даккхийтина кегийнаха массех де хьалха. Читать дальше...

Журналист Гаджиев маьршаваккхийта гIерта ХIинжа-ГIалахь пикете гулбелларш

Radiomarsho.com 

ХIинжа-ГIаларчу Советийн кIоштан кхела хьалха пикет ю йоьдуш. Гуламхоша доьху лаьцна лаьттош волу журналист Гаджиев Iабдулмумин маьршаваккхар. "Черновик" газетин редакцино а, деношкахь кхоллаеллачу юкъараллин кхеташоно а дехна бахархошка журналистан агIо лоцуш хIотточу акцехь дакъалацар. БIе гергга жигархо ву кхела хьалха. Дукхахболучийн кучамаш тIехь йоза ду: "Со а ву – Тхо а ду Гаджиев Iабдулмумин". Нах рогI-рогIехь хIуьтту цхьалхачу пикете, кара-кара Гаджиев мукъаваккхар доьху плакат а дIа а оьцуш. Читать дальше...

БасаевгIеран Дишни-Веданарчу декъа тIехь берийн беш йина

Radiomarsho.com 

Вежарий БасаевгIар - Шемал а, Ширвани а – тIехь баьхна Дишни-Веданара латта а, цу тIера гIишлош а шен долаерзийна Нохчийчуьрчу Iедало. Юьртан администрацино да воцчу декъан кепе а яздина, берийн беш йина БасаевгIеран лаьтта тIехь. Меттигерчу бахархошна хетарехь, дуккха меттигаш яра юьртахь Iедалан хьукматаш яхка, доьзал бIешерашкахь баьхна меттиг дIа ца лаьцча а.   Дозанал арахьа вехачу Басаев Ширванин комментари яц редакцигахь.

Абдурахманов Тумсо Оьрсийчу дIахьажо йоллу Польша

Radiomarsho.com 

Нохчийн оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо Оьрсийчу дIахьажо мега. Цунна махкара аравала тIедожадо Польшин дозанийн урхалло. Документ довзийтина Абдурахмановс шен telegram-агIон тIехь, "мархаш тIегуллуш ю", аьлла, комментари а язъеш. Кехато бахарехь, блогеро шена дуьненаюкъара ха тIехIоттор дехна, амма иза дойла дац. Дозанхойн эпсаро декхарево Тумсо Оьрсийчу дIаваха, ца водахь, ницкъаша дIахьажор ву, яздина. Абдурахманов Тумсос тховкъело ехна, амма цунна иза ца ло Польшин Iедало, ша цуьнан доьзална еллехь а. Читать дальше...

Шена кхел ечарна а гуш велла Мисаран экс-президент Мурси

Radiomarsho.com 

Мисарахь президент лаьттина Мурси Мохьаммад кхеле озийра шпион ву аьлла. Шен девнан рогIерчу ладегIаршка валийначохь, наханна хьалха, велла иза оршотдийнахь. "Бусалба Вежарий" партин лидер Мурси Мохьаммад хаьржира наха шайна дуьххьара маьрша харжамаш магийначу Мисарахь. Амма 2013-чу шарахь тIеман карчамца даржах ваьккхира иза. Карчамхоша бехкевора Мурси Палестинерчу а, Либанерчу а радикалан тобанашца уьйрехь хиларх шеко йолуш.

Кхарачой-Чергазийчохь хьаькам вен гIортар толлуш лаца кхайкхийна Адыге-Хаблерчу депутатийн кхеташонан куьйгалхо

Radiomarsho.com 

Кхарачой-Чергазийчохь медицинан кхачоечу фондан куйьгалхо, 48 шо долу Джанкезов Айдемир вен гIортарца доьзна бехктакхаман дов айдина махкарчу Талламан комитетан урхалло. Зулам дина хиларх шеко йолуш лаьцна Адыге-Хаблерчу депутатийн кхеташонан куьйгалхо Акба Мурат. Оцу хокъехь хаамбина "Кавказ.Реалиига" ницкъхойн декъерчу хьасто. "Акба ведда, лаца кхайкхийна. Зулам дина дар-дацар иккхинчохь", - элира хаамбиначо. Кху беттан 14-чу дийнан сарахь ша вина де даздеш хилла Джанкезов "Дворник" цIе йолчу кафехь Черкессехь. Читать дальше...

Спорт в России и мире
Москва

РОСГВАРДИЯ ОБЕСПЕЧИЛА ПРАВОПОРЯДОК ВО ВРЕМЯ ФУТБОЛЬНОГО МАТЧА «ЦСКА» - «СПАРТАК» В МОСКВЕ


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Анастасия Потапова

Потапова всухую обыграла Шнайдер в 1-м круге турнира в Мадриде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

На площадке МВЦ «Казань Экспо» открылся XVIII Российский венчурный форум





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время движения поездов от Москвы до курортов Черноморского побережья до 16 часов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Минск не исключает попыток оппозиции оторвать часть территории Белоруссии в пользу НАТО




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире


Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Rammstein

Минкульт Калининградской области отказался отменять шоу «Tribute Rammstein»



Москва

«Второй рассвет счастья»: каким знакам зодиака повезет в любви в мае

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net