Мы в Telegram
Добавить новость
123ru.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 27.06.2019

Некъахьовзамехь стаг вийна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Бохам хилла еарин буса Соьлж-ГIалин йистехь. Некъан полицино бинчу хаамца, "Газель" машенна урхалла дечу стага галваьлла иза кертах тоьхна "Ахмат Аренина" генадоццуш. И бахьана долуш шофёр вийна. Цуьнца машенахь хилла 23 шо долу некъахо дIакхачийна дарбанан цIийне.  Хилларг толлуш ду.

Соьлж-ГIалахь тIелатардинчун бевзарш лецна Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалахь лецна вежарий ИнуркаевгIар – 21 долу Абубакар а, 20 долу Аюб а. Цунах лаьцна шен Telegram-каналехь яздина вевзаш волчу блогеро Абдурахманов Тумсос, хаам бо "Кавказ.Реалиино". Абдурахмановс дийцарехь, ИнуркаевгIара лацар доьзна ду дIадаханчу кIиранан дийнахь Барзаев Ахьмада Соьлж-ГIалахь некъан полисхочунна а, Росгвардин белхахочунна а тIелатар дарца. Болчу хаамца, и ши жима стаг дIавигина Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъе. "Вийначуьнгахь карийна церан сурташ а, цо ша декъалве, аьлла яздина кехат а. Читать дальше...



Гуьржийчоь. Полицино бIаьрг баьккхина зудчун, эзарнашкахь арабевлла протестхой

Radiomarsho.com 

ВорхIалгIа де ду Гуьржийчохь протестаг гуламаш лаьтта. Чоьхьарчу гIуллакхийн министре Гохария Георгийга дарж дитийта гIерта уьш. Мангал-беттан 20-чохь бIеннашна чевнаш йира резаьнкин герз деттачу полисхоша, бIаьрг баьккхира цхьана зудчун. Цуьнца лазам боькъуш, цхьа бIаьрг кIаденан кийсакца дIакъовлий богIу протесте гуламхой.

Европера нохчий. Iадат я низам?

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Европе дIавахана хIора мухIажир хуьлу хенан йохалла къастам бан безаш: хIун харжа ас, дайх дисина Iадат я со вехачу махкара низам? ХIораммо ца тотту низам хьалха оцу шина "нийсонах" цхьалхо йоккхуш... Европерчу мехкийн низамхошкара кест-кеста хеза, полице телефон тухучу меттана, нохчаша шаьш луьсту къовсам, кхел йо, олий. Оцу бахьаненна делахь а, стенна а делахь а, цхьа нохчо бен декъахь а воцуш иккхина бохам а бузу "нохчийн мафица", "нохчийн зуламхойн машанашца". Масала, Германехь. Читать дальше...

Кхерийна теркйистхочуьнгара ахча даккха гIерта стаг лаьцна полицино

Radiomarsho.com 

Кхаарин дийнахь Теркйист кIоштарчу полице латкъам бина хилла 25 шо долчу меттигерчу вахархочо. Цо дийцарехь, мила ву ца хуу стаг хилла цуьнга телефон етташ, кхерийна 50 эзар сом даккха гIерташ. И ахча шена ца лахь банкаца йоьзна цуьнан къайле Iедалшка дIаюьцур ю ша бохуш хилла иза. Полицин белхахоша, оццу дийнахь таллам а бина, лаьцна 22 шо долу Соьлж-ГIалара вахархо. Иза къера хилла ша кхемаш туьйсуш ахча даккха гIоьртина хиларна.

Шойгун когаметта хIотто мегаш ву Евкуров

Radiomarsho.com 

Гергарчу хенахь Оьрсийчоьнан тIеман министраллехь лаккхара дарж дIалаца мегаш ву Евкуров Юнус-Бек. Иза хIотто мегаш ву министран Шойгу Сергейн когаметта, яздо "Коммерсант" газето. Кхаарин дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира указ тIеийцира Евкуров ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун даржера маьршавоккхуш. Цуьнан метта республикан ханна куьйгалхо хIоттийна Самаран кIоштахь Росприроднадзор урхаллан куьйгалхо хилла Калиматов Махьмуд-Iела. Цхьаболчу хаамашца, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун даржера... Читать дальше...

Сардам болла, таккха бIаьрга гучура а вала

Radiomarsho.com 

КIанта диначух дас а, дас динчух кIанта а жоп ца ло, боху Оьрсийчоьнан низамаша. Амма ца хьакхало и бакъо Нохчийчоьнах – зуламдинарг, лаца а ца гIерташ, сихха хIаллакво, цул тIаьхьа гIаттадо цуьнан тайп-тукхам, дуккха а нах полице идабо, тIаьххьара а махкахбоху. Зуламна дуьхьал ден зулам ду иза, конституцица дуьстича.



Нохчийчоьнал кхераме меттиг Дагестан а бен яц туристашна -Biletix

Radiomarsho.com 

Туристаша шайна уггар кхераме хета меттигаш йовзийтина Оьрсийчохь. Цу рейтингехь хьалхара меттиг дIалоцуш ю Нохчийчоьнан дозанца йолу Дагестан. Ша Нохчийчоь ю шолгIачу меттехь, хаам бо "Оьрсийчоь тахана" (Russia Today) телеканало, Biletix онлайн-тревел-агенталлана тIе а тевжаш. Туристшна уггар кхераме лоручу регионашна юкъахь кхоалгIачу меттехь ю Москох, тIаккха Подмосковье, Краснодаран мохк, ткъа иштта Свердловн кIошт. ЦIераваьлла леларна уггар маьрша хета туристаша Петарбух а, Ленинградан кIошт а. Читать дальше...

Титиев: "Мемориало" болх бийр бац Нохчийчохь

Radiomarsho.com 

"Мемориало" кхин болх бийр бац Нохчийчохь. Цунах лаьцна дIахьедар дина кху деношкахь колонера араваьллачу цу бакъоналаръярхойн центран Соьлж-ГIаларчу офисан куьйгалхочо Титиев Оюба. Цо дийцарехь, Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" республикехь болх сацо дийзира, иза лаьцначул тIаьхьа. Цуьнан бахьана дара -- кхерамазалла ца хилар. Шайна гаранти еза шайн белхан накъостий Iедалша урамашкахь кадетташ лоьцур бац, уьш чубухкур бац аьлла, дийцира Титиевс "Дождь" телеканалана еллачу интервьюхь. Хьалхо Титиевс... Читать дальше...

ГIалгIайчоьнан керла куьйгалхо вовзийтина Матовниковс а, Евкуровс а меттигерчу депутаташна

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказан федералан гонехь президентан векало Матовников Александра а, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун дарж дитинчу Евкуров Юнус-Бека а республикан куьйгалхочун ханна декхарш кхочуш деш волу Калиматов Махьмуд-Iела вовзийтина меттигерчу халкъан гуламан депутаташна. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфакс" агенталло. Хьалхо хаам бинера Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира кхаарин дийнахь, Евкуровца хиллачу цхьаьнакхетарехь къобал дина хиларх лаьцна, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо балхара дIаволуш дина дехар. Читать дальше...

СовгIат дина Соьлж-ГIаларчу тIелетарехь чевнаш хиллачу шина полисхочунна

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь совгIат дина Соьлж-ГIаларчу тIелетарехь чевнаш хиллачу ницкъаллин структурийн шина белхахочунна. Некъан патрулан сервисан (ДПС) инспекторна Сафиуллаев Раильна а, Росгвардин белхахочунна Джабраилов Зелимханна а елла тIехь яздина "Терроризмана дуьхьар къийсам дIахьош къастар" (За отличие в борьбе против терроризма) а долуш хьалха уллу веназ (билгало). Цунах лаьцна хаам бинчу ТАСС агенталло дийцарехь, Мангалан-беттан 23-чохь Соьлж-ГIалахь меттигерчу вахархочо уьрсаца тIелатар динера ДПС инспекторна, цунна маситта чов а еш. Читать дальше...

Путина ГIалгIайчоьнан ханна куьйгалхо хIоттийна Калиматов Махьмуд-Iела

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира керла ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хIоттийна Калиматов Махьмуд-Iела. Хьалха иза хилла ву ГIалгIайчоьнан прокурор а, ткъа тIаьхьарчу хенахь иза болх беш вара Самаран кIоштан Iедалехь. 2015-чу шарахь Калиматов хIоттийнера цу кIоштан Росприроднадзоран меттигерчу урхаллан куьйгалхо. Цул хьалха Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира къобул дира ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо шен дарж дуьтуш дина дехар.

Спорт в России и мире
Москва

В Москве завершился Кубок России по спортивному программированию


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Мирра Андреева установила новый рекорд на турнирах WTA-1000


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Жёсткие экологические требования решат инновационные энерготехнологии





Путин в России и мире
Москва

Путин поручил сократить время пути поездов от Москвы до Черноморья до 16 часов


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

Продюсера Reuters арестовали за публикацию материалов на YouTube-канале «НавальныйLIVE»



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Певица

Певица Анастасия Стоцкая появилась на публике в откровенном наряде



Москва

Жительница Ленинского округа выплатит 2 миллиона рублей за свалку

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net