123ru.net
World News in Chechen
Июнь
2019

Новости за 17.06.2019

Маршо Радион тIаьххьара керланаш

Radiomarsho.com 

Керла прокурор тIечIагIвина Дагестанехь, Рак-лазар уггаре кIезиг даьржина мехкаш бу Дагестан, Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Биарриц гIалин мэрехь бакъдо меттигера ши цIа Путинан гергарчийн хилар.

ГIизларахь хилларг хьахийна Дагестанан спикеро Шихсаидовс

Radiomarsho.com 

Дагестанан парламентан куьйгалхочо Шихсаидов Хизрис комментари йина, дукха хан йоццуш ГIизларарчу дозане нохчийн парламентан куьйгалхо а вогIуш, иккхинчу хиламан хьокъехь. Оьрсийчоьнан президентан Къилбаседа Кавказерчу векалан тIегIанехь сацамбина кху шарахь доза къастош болу белхаш цабан, боху Шихсаидовс. "Экам воцчунна сахьт а ца оьшу юкъаметтигаш талхо, ткъа боьхна барт, доьхна дегнаш меттахIиттош, вовшашна къинтIера довла оьшур ду шераш. Цундела чIиркъе хьийза хьашт дац. ПарггIат дийца деза... Читать дальше...

Хино хIусамашна зен динарш леткъа Путине

Radiomarsho.com 

Стохка хи хьадча, шайн хIусамаш йохийначу Краснодар махкарчу Кривенковское юьртарчу бахархоша видеошца дехарш дахьийтина президенте Путин Владимире. Наха аьрзнаш до шайна гIо ца дечу Туапсен кIоштан а, регионан а Iедалшна. Бохам хиллачийн могIарахь бу 176 доьзал. Царех цхьана декъанна хIусаман сертификаташ елла, амма гIо доцуш йисина 100 сов ков-керт – тахана а дац меттахIоттийна церан дайшна хилла зен. Кхечу меттехь хIусамаш йолчу, я кхечу цIеношна тIеязбинчу наханна меттигерчу низамаша ца кхачадо гIо, олу леткъамхошка меттигерчу Iедало. Читать дальше...



Керла прокурор тIечIагIвина Дагестанехь

Radiomarsho.com 

Дагестанан Халкъан Кхеташоно пурба делла Дагестанан прокуроран гIовс Ежов Алексей прокуроран дарже хIоттон, хаамбина "Интерфаксо". Хьалхо Абакан гIалин прокурор лаьттина Ежов. Иза вина Алтайхь 1980-чу шарахь. 2018-чу шеран Охан-баттахь Дагестанан прокуроран Попов Денисан гIовс хIоттийра Ежов. Дагестанехь прокурор Iийна Попов Мангал-баттахь хьажийна Москох прокуроран дарже.

Къилбаседа ХIирийчоьнан коммуналан министралло боберашна эцначу петаршна чохь Iойла дац

Radiomarsho.com 

Федералан низамо кхачош долу хьелаш дац Къилбаседа ХIирийчоьнан бахаман-коммуналан министралло 2018-чу шарахь боберашна еллачу хIусамех дукхайолучарна чохь, хаамбина "Кавказ.Реалиига" мехкан прокуратурин пресс-гIоьнчалло. Пригородан а, Дигоран а кIошташкахь екъна петарш ца йогIу санитаран-эпидемиологин низамашца, ледара ю техникаца,чохь бинчу аьттонашца, элира хьостано. Цхьаболучарна хIусамаш екъна, уьш бинчу ярташна, гIаланашна генахь. Цундела шиммо схьа а ца эцна шайна елла петар, хIусам йоцуш ду и ши бобер тахана а. Читать дальше...

Рак-лазар уггаре кIезиг даьржина мехкаш бу Дагестан, Нохчийчоь, ГIалгIайчоь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчохь рак-лазар уггаре дукха даьржинчу мехкийн цIерш яьхна эксперташа. Массарел а хьалха бу, 2018-чу шеран терахьаша гайтарехь, "цIе ца йоккху цамгар" яьржина хиларца Курскан мохк – 100 эзар бахархошлахь цомгуш ву оцу лазарх 3331 вахархо. Лазар массанхьачул а дукха даьржинчу регионех бу Краснодаран мохк а, хаамбо ТАСС-о. Рак-лазар уггаре кIезиг даьржинчу мехкашлахь ю Дагестан (100 эзарнах 887 стаг), Нохчийчоь (1044), ГIалгIайчоь (1179).

Биарриц гIалин мэрехь бакъдо меттигера ши цIа Путинан гергарчийн хилар

Radiomarsho.com 

Францин тоьллачу курортех йолчу Биарриц гIалахь Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран доьзалан цIенош хилар тIечIагIдеш артикл араяьккхина Time журнало. Путинан нуц ву бохуш вуьйцучу Шамалов Кирилла а, Оьрсийчоьнан президентан йоIа Тихонова Екатеринас а 2012-чу шарахь цIа эцна гIишлошъюхкучу фирмин агент Вебер Лорен схьакаро аьтто баьлла журналистийн. Вебера бахарехь, йохк-эцарехь дакъалаьцна шиммо а. Time журнало далочу тоьшаллашца а догIуш, цIа эцнарг Шамалов ву, цунна иза доьхкина Путин... Читать дальше...

Менталан арифметикан олимпиадера - толамца

Radiomarsho.com 

Байначу баттахь Германерчу Франкфурте "7 континент" цIе йолчу менталан арифметикан Дуьненаюкъарчу олимпиаде ваха кечвинарг вара иттаннаш пачхьалкхашкара 480 дешархо. Амма 70 беран бен аьтто ца баьлла Германе виза яккха. Хьалхара меттиг яьккхина Соьлж-ГIаларчу менталан арифметикан школин дешархочо Сугаипова Аминас. Цо шел тIаьхьадитина Оьрсийчуьра, Германера, Казахстанера, ХIиндойчуьра, Узбекистанера, Францера, Швейцарера - 19 пачхьалкхера – даьхкина бераш-вундеркиндаш.

Сенатора Каноков Арсена тидаме эцна жигархо Кочесоко лацар

Radiomarsho.com 

ГIебарта-Балкхаройчоьнан президент лаьттина, тахана шайн мехкан сенатор волу Каноков Арсен саготта ву "Хабзэ" юкъараллин куьйгалхо Кочесоко Мартин лаьцна латтош хиларх. Федерацин Кхеташонан декъашхочо дехна ницкъхошка, Кочесоко изоляторера дIа а хецна, цIахь тергонехь латточу низаман кепе хIоттор. "Со сайн агIор кийча ву Москох лаккхара корматалла йолу адвокат лаца а, верасалла сайна тIеэца а, таллам нийсонца дIабахьийта а. Кечдеш ду Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре депутатан дехар а", - аьлла Каноковс шен Facebook машанерчу агIонтIехь. Читать дальше...

Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан пединститут аккредитаци ца луш йитина Iедало

Radiomarsho.com 

Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан педагогикан институтна рогIера аккредитаци ца елла дешарна тIехьожучу урхалло (Рособрнадзор). "Пачхьалкхан бюджетан дешаран хьукматна "Къилбаседа ХIирийчоьнан педагогикан институтна" лойла дац  пачхьалкхан аккредитацех долу тоьшалла", аьлла ду документ, ТАСС-агенталло бечу хаамехь. Бахьана довзуьйтуш дац.

Дагестанан куьйгалхо дарбан цIийне виллина

Radiomarsho.com 

Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир пехийн лазарца дарбан цIийне кхачийна Москох. Регионан пресс-гIоьнчалло бечу хаамца, Васильевна пехех хьуйоьлла хилар гучудаьлла лоьрашна. Цунна дарбадечу юкъанна, цуьнан белхан декхарш кхочушдийр ду республикан министрийн кабинентан кьйгалхочо Здунов Артема. Ханна Дагестанан куьйгалхочун декхарш кхочушдан хIоттийра Васильев 2017-чу шеран гурахь. Стохка Гезгамашин-баттахь парламенто мехкан куьйгалхо хаьржира иза.

Спорт в России и мире
Москва

Like FM – федеральный партнер релиза «Идеальная зависимость»


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
Елена Рыбакина

Сложнее некуда! Прямая трансляция и превью матча Рыбакиной против непобежденной чемпионки


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

"Самое опасное" начнётся в пятницу: Синоптик предупредил об аномальной погоде в России





Путин в России и мире
Москва

Путин 22 апреля проведет в Москве переговоры с президентом Азербайджана Алиевым


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире

Навальный в России и мире
Москва

В Москве арестован на пять суток историк-публицист Сергеев за пост памяти Навального



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Григорий Лепс

«Вспыльчивый очень»: Лоза объяснил агрессивное поведение Лепса на концерте



Москва

Руслан Захаркин приглашает на презентацию книги и деловой нетворкинг в Москве 29 мая: открытие новых горизонтов в финансовой грамотности

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net