Журналист Гаджиев Iабдулмумин лаьцна латто магийна кхело
Адвокато Магомадов Арсена бинчу хаамца, "Черновик" газетан журналист Гаджиев Iабдулмумин шина баттахь лаьцна кхаба магийна ХIинжа-ГIаларчу Советийн кIоштан кхело.
Гаджиев маьрша витахь, вада мега, я тешашна тIеIаткъамбан тарло боху талламчин бахьана юьхьаръэцна кхело.
Гаджиевн бехк къасточу юкъанна иза лаьцна кхаба хьашто яц, маршонах ваккхал бахьана ца даьлла, чIагIдора ладегIаршкахь журналистан адвокаташа. Цара бахарехь, талламчас ца далийна Гаджиевс шена тIелуьйчарна Iаткъам бан мега бохучунна тоьшаллаш.
Ша вац терриризман декъахь, чIагIдора кхелехь Гаджиев Iабдулмумина. "Сан цкъа а ца хилла "Вконтактехь" агIо. Цул совнах, ас цкъа а ца лелийна и маша. Ас 2013-чу шарахь социалан машанехь агIо лелийна ахча гулдеш бахар цхьа а бух боцуш ду. Оцу кепехь агIо сан хилла яц машанехь цкъа а. Иза дерриг а Тамбиев Камала дуьйцург ду. Муха дуьллур ду иза суна бекенна, со ца кхета", - боху адвокаташа журналисташка еллачу аудиохь Гаджиевс.
Шена ницкъбина, цаваьлла бехкала вахийтина ша Гаджиев шен дарешкахь, элира ХIинжа-ГIала Москвахь лаьцна валийначу Тамбиев Камала.
"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, кхело ладогIар чIаьгIначу кепехь дIадахьа сацам бира хьалхо.
Лаьцна латтавойту кхело, я ханна мукъавуьту Гаджиевца цхьана террорхошна ахчанаш кхехьийтарна бехкевен кхин шиъ – Тамбиев Камал а, Ризванов Абубакар а – къастадала деза кху сахьташкахь. Верриг а бехкеийзориг ву 11 стаг.